МеттахIитторан белхаш дIахьочу Хойн историн-культурин комплексехь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Веданан кIоштахь ю и комплекс, Къоьзан-Iомана гена йоццуш.

«Кхузахь карийна долу кешнаш X–XII-чуй бIешерашкара ду. МеттахIитторан белхаш дика дIахьош бу. Хьалха ма-хиллара меттахIоттош ю шира шахьар. Цхьа а шеко йоцуш, шен гIаролан а, пачхьалкхаллин а кепаш а йолуш йоккха шахьар хилла иза. Иштта, кхузахь «Дарин сийлахьчу некъан» цхьа дакъа хилла а ларалуш ду», – яздина республикин Куьйгалхочо ВКонтакте чуьрчу шен агIонехь.
Иштта, цо билгалдаьккхина Хойн историн-архитектурин комплекс мехала объект а, нохчийн халкъана историн маьIна долуш а хилар.
«Вайн дайша тIехдукха, тIехчIогIа къахьоьгуш хилла хиларна хIоллам бу Хой. Цара ца лехна аьттонаш, ца дехна сагIанаш – халонех а ца къехкаш, шайн ницкъ кхоччург дина-кх цара бахархьама. Шен хенахь махиллара кхузара гIишлош меттахIитторехь ницкъ кхочург вай а дийр ду. Вайн дай муха Iийна гойла а, хоийла а хир ду кхузахь нохчашна а, туристашна а», – элира Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха догIу Хойн историн-архитектурин комплексехь меттахIитторан болх дӀабахьарна тIехь Ӏуналла деш Нохчийн Республикин культурин министерство а, Нохчийн Республикин Правительствон культурин тӀаьхьало Ӏалашъярехула йолу комитет а хилар.
Иштта, оцу комплексе воьдуш, Къоьзан-Iома юххехь республикин Куьйгалхо тIе а Iоттавелира регионашна юкъарчу «Мы вместе» школин дакъалацархошна.
Могаш-паргIат хаьттина ца Iаш, цаьрца къамелаш а дира Кадыров Рамзана, чаккхенехь безамна сурт а даьккхира.
Дагадоуьйту Регионашна юкъарчу «Мы вместе» школин векалша карарчу беттан 23–27-чуй деношкахь.
Шелан кIоштан Сиржа-Эвларчу садаIаран а, могашалла меттахIотторан а «Светлячок» комплексехь болх бина хилар.
Россин 10 субъектерчу 200 сов векала дакъалецира цигахь.
И.АДАМОВ
№82, эсаран (октябрь) беттан 29 де, 2019 шо