БIачиюьртахошна – мехала совгIат

Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртахь схьадиллина культурин цIа. Иза схьадоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Кадыров Хьамзат, Курчалойн кIоштан куратор Баймурадов Лом-Iела, юьртахой.

«Нохчийн Республикин культурин дахар» регионан проект а, «Культура» къоман проект а кхочушъяран гурашкахь дина ду БIачи-Юьртара культурин цIа. ХIокху заманан лехамашна жоп а луш, оьшуш долу дерриге а хьелаш а кхуллуш бина культурин кхерч. Концертан зала чохь 200 хьажархочунна меттиг ю.

Исбаьхьаллин кхоллараллин тобанашна репетицеш ян билгалъяьхна вокалан а, хореографин а, иштта кхийолу а чоьнаш.

Цул сов, культурин цIийнан тхов кIел юьртан №1 йолу библиотека а ю.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) даима а олуш дара: «Культура яц – къам дац!». Иза, цхьа а шеко йоцуш, бакъдерг ду. Дуккха а похIме бераш ду вайн. Царна шайн корматалла кхион оьшуш дерг дика хьехархой а, культурин кхерч а бу. Ткъа вайн мехкан куьйгаллин декхар ду и хьелаш хилийтар. БIачи-Юрт йоккха юрт ю. Кхузахь дуккха а кегийрхой бу. Йиш лакха луург, хелха вала луург, вотапондарца шовкъ ерг, я книгаш дукхаезарг хир ву царна юкъахь. Тешна ву кегийрхоша хIокху кхерчах пайдаоьцург хиларх, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

Республикин ерриге а кIошташкахь, яккхийчу яьрташкахь еш ю культурин туьшаш. Цаьрца цхьаьнакхуьуш ю хелхарийн тобанаш а, кхуьуш бу къона эшаршлакхархой а. ТIекхуьчу чкъурехь шен халкъе, Даймахке, культуре безам кхуллуш, гIиллакхе, оьзда кхетош-кхиоран болх дIахьо культурин белхахоша.

ВЕГИЕВА Макка
№82, эсаран (октябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: