ХIора махкахь, хIора къоман шен турпалхой хуьлу. Уьш хиларо къоман майралла а, доьналла а гойту. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна СССР-н дерриге а къаьмнаша. Церан Iалашо – массеран а юкъара мостагI – фашизм хIаллакъяр хилла. Уггаре а хьалха къаьмнийн цхьаалло кхачийна вай толаме.
Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна Париев Александра (Алхаста) а. Алхаст вина Итон-Кхаьллан районан Хилдехьа юьртахь 1921-чу шеран 1-чу июлехь. ПариевгIеран доьзалехь 3 кIант, 3 йоI хилла. Шайн декъа тIехь гIуллакх деш, дена а, нанна а гIо деш дIаихна церан бералла. 1928-чу шарахь школе вахана Алхаст, хIуманах дика кхеташ вара. Делахь а, цIахь накъост эшарна кхин школе дIалела аьтто ца хилира цуьнан. ЦIахь дечунна а, же ваха а накъост оьшура дена (кIенташна юкъахь воккханиг вара хIара). Алхаст хьалакхиънчул тIаьхьа, 1941-чу шарахь Итон-Кхаьллахь къизахой Iамочу метте дIавигна, цигахь де-буьйсанаш дохуш, Iамийра иза. Цул тIаьхьа эскаре дIакхойкхуш хаам беара. ТIаккха йолаелира Алхастан дахарехь тIеман ирча зама.
Дуьххьара вуьгуш Краснодаран край кхаьчна, цигара Малхбузен Украине вигна, цигахь тIом бира кIанта. Юха Воронеже схьадалийра кхеран эскар. Цигахь мостагIчунна дикка дуьхьало йира. Эххар а, мостагIий лоьхкуш, Германе кхечира. Цигара дIа Кёнигсберг схьа а йоккхуш, Берлине хIорш кхочучу хенахь, тIом дIабаьлла аьлла хаам беара.
Иччархо, артиллерин разведчик-корректировщик хилла Алхаст. ТIамехь дакъалацарна, доьналлица, майраллица билгалваларна Сийлаллин Орденца, дуккха а мидалшца совгIаташ дина цунна.
«ТIом хIун ю вайн берашна а тIаьхьа хаьа. Ас ца дийцича а, и мел ирча сурт ду вайна гина, вайн дегнаша лайна. Дала кхин цкъа а тIом ма гойтийла вайна! Бакъдерг аьлча, цу хенахь хилларг ирча тIом бара, дукха нах дIа а баьхьира цо, дукха халонаш а гайтира.
Сан баккъал йолу цIе Алхаст ю, эскарехь шайна яккха атта йолчу цIарца, Александр аьлла хийцира цара сан цIе. Дуккха а доттагIаллаш тасаделира сан цигахь, вовшашна накъосталла дора оха. Мацалла лайра. Вертолет тIехь схьа а йохьуш чу кхуьссура тхуна яахIума. Иза схьа ца кхаьчча, йоцуш а дуьсура.
ТIамехь волуш хиира суна нохчий, гIалгIай махкахь баьхний. Дуьххьара бандиташ, церан доьзалш дIакхалхийна, кхиберш меттах ца баьхна бохуш, дуьйцура. Цхьа шо даьлча хиира суна дерриге а къам цIерадаьккхина хилар. ТIом дIаьбаллачул тIаьхьа, со царна тIе ца кхочуш дикка хан елира. Дукха меттигашкахула лийлира. Югослави, Чехословаки, Серби, Босни, Хорвати, Болгари, Австри, иштта кхечу мехкашка кхечира. Эххар, Даймахка цIаверза аьтто баьлча хиира суна, тхайн доьзал Кустанайски областехь Боровое олучу юьртахь хилар. Нана, ши ваша, йиша дIакхелхина хиллера», – дуьйцу Алхаста.
Казахстане дIаьккхаьчча, тIамехь хилла ву аьлла Алхаст, шен деца, йижаршца цхьаьна дуьххьара цIа богIучаьрца цIа ваийтира. Хьалха-Мартан районан Олхазар-КIотарахь севцира хIорш. Цу хенахь дуьйна, боккха доьзал кхоллабелла, цигахь Iаш бу уьш. Алхастан доьзалехь.
ХIинца 2 кIант а ву, 4 йоI а ю, 21 берийн бер а, 23 берийн берийн бер а ду.
Суна дагахь лаьттарг тIеман тIаьххьарлера де ду. Тхан Барабанов полкана хIалхаваьлла волу полковник веара машенахь, тхоьга кхаъ боккхуш, – «Вежарий, тIом дIабаьлла. ТIом дIабаьлла, вежарий!», – бохуш, мохь бетташ. Цунна дуьхьаладевдда, и ирахъкхуьйсуш, цхьа сахьт гергга хан яьккхира оха. Цкъа а дIабер бац моьттина болу тIом, цIеххьана дIабаьлла аьлла кхайкхийча, цул доккха ирс ца хетара. Тхан полкехь хилла ши салти дог иккхина велира и кхаъ шайна хезча. ТIом лайна долу дегнаш и дIабаьлла аьлча, тIеххазахетарна севцира.
АВХАДОВА Хьава