Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Халкъийн цхьааллин денца!

Россихошна уггаре а мехалчарах цхьа деза де ду хIара. Цо къаьсттина а, сийлахь а меттиг дIалоцу вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан хиламийн рузманехь. Вайн мохк даима а бевзаш хилла халкъийн барт, цхьаалла хиларца. Вайн ницкъ, вайн лакхалла, вайн доьналла доллу, къоман а, динан а башхаллашка хьаьжна доцуш, бахархойн вовшашка болчу сий-ларамехь.

Вайн Даймехкан историн тайп-тайпанчу муьрашкахь тайп-тайпанчу къаьмнех а, динехь а долу адамаш, белшех белшаш а тухуш, цхьаьна дIахIиттина вайн мохк мостагIех ларбархьама, цуьнан цхьаалла а, бозуш цахилар а лардархьама.

Цу тайпана боккха ницкъ толаман закъалт хуьлура тайп-тайпана бохамаш, тIемаш, политикин а, экономикин а кризисаш, революцеш хуьлучу муьрашкахь.

Вайна тахана а го вайн мохк гIелбан, карзахбаккха гIерташ жигара лелош долу хIуманаш. Юкъайоху санкцеш а, кхийолу кепаш а. Церан Iалашо цхьаъ ю – Росси кегарина юкъакхоссар, халкъийн барт бохор, мохк бохор. Амма и дерриге а эрна къахьегар ду.

Россин халкъ, тайп-тайпанчу къаьмнех а, динехь а долу адамаш цхьаъ хилла дIахIиттина вайн къоман баьччина, Россин Президентана Владимир Владимирович Путинна гонаха.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, кIорда ца деш, юх-юха а олура Нохчийн Республикехь машар а балур бац, иза, саьлнашкара гIаттийна, метта а хIотталур яц, кхиоран некъа тIе а хIотталур яц дерриге а халкъ, юкъаралла цхьаъ хилла дIахIоьттича бен.

Ахьмад-Хьаьжин хьикмате весеташ кхочуш а деш, вай массара а цхьаьна, дерриге а халкъийн, динийн векалша ницкъаш цхьаьнатохарца нохчийн махкахь машар а, синтем а, аьтто а, токхе а, зазадаккхар а хиларе кхаьчна.

Нохчийн Республико бакъонца дозалла до къаьмнашна юкъарчу юкъаметтигийн декъехь баьхначу кхиамех. Вай долчохь маьрша, бертахь дехаш ду тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь долу адамаш.

Вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин зовкхан дуьхьа цхьаьна къахьоьгуш ду уьш.

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шу маьрша дехийла, доьзалехь ийман-беркат лаьттийла, къинхьегамехь кхиамаш хуьлийла, ондда могашалла хуьлийла!

Дала аьтто бойла шун массо а дикачу гIуллакха тIехь!

№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: