Нохчийн Республикин пачхьенехь даздаран хьолехь схьайиллира Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера медицинин гIирсаш арахецаран Россин – Индин завод. Предприяти схьаелларо аьтто бина регионехь 100 сов керла белхан меттиг кхолла.

Завод схьаелларехь дакъалоцуш вара Индин Республикин Россин Федерацехь йолчу векалаллин куьйгалхочун заместитель Сриканта Бинай, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, МогашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Россин медицинин Iилманийн академин академик, Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон деган-пхенийн отделан куьйгалхо Акчурин Ренат, проектан инвестор Кумар Раджи.
Таймасханов ГIаласа дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан маршаллин кост.
– Тахана вай схьайоьллу медицинин гIирсаш арахецаран Россин – Индин предприяти. МогашаллаIалашъяран шеран гурашкахь боккха хилам бу иза. Кхузахь кечбийр бу кардиохирургихь оьшу цхьамогIа гIирсаш. Заводан технологеш дуьненаюкъарчу лехамашна жоп луш ю. Проект доккха маьIна долуш ю, завод хилча кхечу пачхьалкхашкара гIирсаш чубан безар бац. Вай даккхийдедо заводехь 100 сов керла белхан меттиг хирг хиларх. Завод схьаеллар вайн хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъаца догIуш ду. Цо шен къаьсттинчу тергонехь латтош дара могашаллаIалашъяран гIуллакхаш. Ас баркалла боху Индин Республикин Россин Федерацехь йолчу векалаллин куьйгалхочун заместительна Сриканта Бинайна а, проектан инвесторна Кумар Раджина а, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министрана Сулейманов Эльханна а и проект лаккхарчу тIегIанехь вовшахтохарна а, кхочушъярна а, цхьаьна болх барна а, – билгалдаьккхина дара Кадыров Рамзанан маршаллин костехь.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана билгалдаьккхира завод схьаеллар Нохчийн Республикин могашаллаIалашъярна хилла ца Iаш, ерриге Россина а мехала хилар.
– Республикин экономикина юкъа инвестицеш озорна тIехьажийна йолу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан хьекъале политика бахьанехь медицинин гIо даран керлачу тIегIане довла аьтто баьлла вайн, – элира министра.
Сриканта Бинайс билгалдаьккхира Нохчийн Республика сиха кхуьуш хиларх лаьцна дуьйцуш шена хьалха а хезна хилар а, ша республике кхаьчча ша цунах тешна хилар а.
– ХIара проект – Индин компанис Нохчийн Республикехь кхочушйинчу уггаре а хьалхарчу инвестицийн проектех цхьаъ ю. Цо гойту регион инвестицешна бегIийла хилар а, Индера Нохчийчу а, Нохчийчуьра Инде а инвестицеш ян вайн аьттонаш хилар а, – элира Б.Срикантас.
Акчурин Рената билгалдаьккхира Соьлжа-ГIалахь схьайиллина йолу медицинин гIирсаш арахецаран завод Нохчийн Республикехь хьовха, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьарлера хилар а, оцу проекто лаккхара кхиамаш бохург хиларх ша тешна хилар а.
I.МУРТАЗОВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо