Итон-Кхаьллан кIошт: «Ведучи» курортехь МТС-н LTE зIе болх бан йолаелла
Итон-Кхаьллан кӀоштарчу «Ведучи» курортехь а, цунна гонахарчу майданашкахь а болх бан йолаелла мобилан МТС операторан LTE зӀе. Иштта хаам бина МТС-н Нохчийн Республикерчу филиало.
Хаамехь билгалдаьккхина ма-хиллара, юьйцучу курортан комплексехь а, цунна гонахарчу майданашкахь а LTE зӀе латторан Ӏалашонца леррина хӀоттийна ю станци.
Веданан кIошт: Дишни-Веданахь вал бийр бу
Токхамна дуьхьалонна вал баран гӀуллакх таллахьара аьлла, Нохчийн Республикин Парламентан спикер волчу Даудов Мохьмаде дехар динера, хӀокху деношкахь, Веданан кӀоштарчу Дишни-Веданан бахархоша.
Цуьнан тӀедилларца, Парламентан депутаташ Ханбиев Мохьмад а, Дангириев Абубакар а, шайца цхьаьна Веданан кӀоштан администрацин векалш а болуш, оцу юьртахь хилира.
Депутаташ а, кӀоштан векалш а Дишни-Ведана бахаран чаккхе беркате хилла – бахархойн дехар кхочуш а деш, цигахь вал бан сацам хилла церан.
Грозненски кIошт: «ЮгАгроХолдинган» сурсаташ
Ораматаш кхиоран нохчийн «ЮгАгроХолдинг» юкъараллин сурсаташ Россин тайп-тайпанчу субъекташка: Москва, Санкт-Петербурге, Новосибирскан областе, Свердловскан областе, Буряти Республике, Ростовн областе, Краснодаран махка кхочу.
Билгалдаккха догӀу ораматаш кхиоран декъехь и юкъаралла Грозненски кIоштахь 2015-чу шарахь дуьйна болх беш хилар.
Карарчу хенахь 18 гектара тӀехь ю цуьнан ораматаш кхиоран чоьнаш (теплицаш). Кхин а 5 гектар тӀе уьш шоръян Ӏалашо йолуш ду юкъараллин куьйгалла.
Соьлжа-ГIала а, Гуьмсе а: аьчканекъан керла маршрут
Республикехь тӀеман мур болабаллалц Гуьмсе а, СоьлжаГӀала а шахьаршна юкъахь аьчканекъаца хилла йолу зӀе меттахӀоттор ю. Юьйцуш ерг аьчканекъаца йолу «Гуьмсе – Соьлжа-ГӀала» маршрут ю.
Иштта хаам бина «Къилбаседа-Кавказан аьчканекъийн» (СКЖД) хьаькама Пястолов Владимира.
Гуьмсан а, Нажи-Юьртан а кIошташ: токхамаш бахьанехь бала хьоьгурш охьакхалхор бу
Токхамаш бахьанехь бала хьоьгуш болу Нажи-Юьртан кӀоштара 22 доьзал (170 сов стаг) Гуьмсе охьакхалхор бу карарчу шарахь. Оцу балхана лерина керла куп ю еш республикин «шолгӀачу» пачхьенехь.
21 цӀийнах лаьтташ йолу и куп ярна 115 млн. сом ца кхоччуш ахча хьажийна Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.
Оцу декъера белхаш лакхахь хьахийначу министерствос Гуьмсан, Грозненски, Нажи-Юьртан, Теркан кӀошташкахь беш бу.
И.ИСЛАМОВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо