Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан Невран кIоштан больницин болх муха дIахIоттийна хьаьжира дукха хан йоццуш.

КIоштан больницин тIеэцаран отделене а, стационаре а реанимацин блоке а, берийн отделене а хьаьжира министр.
Инспекци ечу юкъанна больницин лоьрийн коллективаца а, шайна дарба леладайта баьхкинчу бахархошца а къамеле велира Э.Сулейманов.
Инстаграмехь йолчу шен агIонехь министра яздо: «Диспансеризаци яран а, профилактикин талламаш дIабахьаран а гIуллакх кхузахь билгалйинчу планаца нийса кхочушдеш ду. Тхо больнице кхаьчначу хенахь а цигахь Республикин Онкологин диспансеран «онкопатруль» бригада яра кIоштан бахархой тIеоьцуш, цаьрга хьовсуш, болх беш».
Билгалдаккха догIу Невран кIоштахь 29 юрт хилар а, цигахь вехаш 58 эзар вахархо хилар а.
КIоштан коьртачу больницина юкъайогIу поликлиника а, 200 маьнга болу стационар а.
З.ЯХЪЯЕВА
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо