ХьастагIа Хь.Ибрагимовн цIарахчу республикин математикин школехь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала куьйгалла а деш, белхан кхеташо дIаяьхьира. 2019–2020-чуй дешаран шеран хьалхарчу чийрикан жамIаш дира цигахь.
Кхеташонехь дакъалецира вайн республикин кIоштийн дешаран учрежденийн куьйгалхоша а, республикин школийн директорша а, хьехархоша а.
Беркате а, юьхькIоме а кхеташо яра иза дешаран белхахошна.
Кхеташонан хьалхарчу декъехь 2019-чу шарахь дIаяьхьначу Пачхьалкхан цхьааллин экзамен дIаяларан жамIаш довзийтира, ткъа иштта, 2019–2020-чуй дешаран шарахь дIахьон йолчу Пачхьалкхан жамIийн аттестацин хьал тодарна леринчу белхан план а йовзийтира.
Вайн республикин школашкахь естествознани хьехаран дикалла лакхаяккха езаш хилар а тидамза ца дисира.
Юкъарадешаран школаш спортан гIирсашца кхачойина хила езаш хиларх а, инклюзивни дешаран проблемех а, уьш дIаяхаран некъех а дийцира.
Байханов ИсмаьIала билгалдаккхира регионан дешаран хьаьрмахь нислуш йолу проблемаш дIаяхар Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Кадыров Рамзана даима а шен тергонехь латтош хилар.
Цо дешаран хьаьрмин гIайгIа бар бахьанехь вайн республикин школашкара материальни-техникин хьелаш, кхузаманан лехамашна жоп луш, тоьлла хилар а чIагIдира.
Нохчийн Республикин юкъарадешаран учрежденешкахь леррина дIахьош бу нохчийн мотт кхиоран а, иза дешархошна марзбаран а болх.
Шайн белхан декхарш хьанал кхочушдеш бу нохчийн меттан а, литературин а хьехархой. Массарна а гуш ду вайн регионан куьйгалло оцу хьехархойн боккха ларам беш хилар.
Дерриге а дуьне теш долуш, вайн махкахь хала, чолхе хьал хIоьттинчу шерашкахь а, шайна тIера дукъ охьа ца дуьллуш, къонахий хилла, чекхбевлира нохчийн хьехархой. Цундела, ларамаза дацара кхеташонан шолгIа дакъа хьехархошна ала хьакъ долу хаза дешнаш а олуш, совгIаташ а деш, дIадаьхьна хилар.
Иштта, Шуьйта кIоштан Хьена-Кхаьллан (А.Шериповн) юьртан школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Дудаев Султанна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлахь цIе елла хилар хаийтира.
Дудаев Султана дешаран хьаьрмахь болх бен 56 шо хан ю. Нохчийн меттан хьехархошна леринчу гIо-Iаматашна тIехь а боккха болх беш схьавогIуш ву иза.
Цул тIаьхьа а хаза кхаьънаш хилира дукхахболчу хьехархошна.
«Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» цIе елира Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школин математикин хьехархочунна Исаева Ларисина а, Шуьйтарчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Макалова Эльвинина а, Соьлжа-ГIалин № 12 йолчу гимназин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Махаури Зараана а, Теркан кIоштан Горагорск юьртан школин юьхьанцарчу классийн хьехархочунна Мустафаева Аннина а, Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотаран №2 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Рорбах Надеждина а.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира 12 хьехархочунна, 27 хьехахочунна «Россин Федерацин серлонан а, кхиоран а сийлахь белхахо» седа белира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо