Билгалбевлира вайн толамхой

Владимир гIалахь дIаяьхьира Э.Никифоровна лерина йолу 2000–2001-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир.

Къийсадаларш деа дийнахь хилира.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира вайн махкахой: Бараханов Адам (53 кг.) – У.Товбулатовн цIарах СШ, Исаев Турпал (67 кг.) – СШ №4, Гигиев Мохьмад (68 кг.) – СШ №1.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Р.Эскерханов, Р.Абиев, Ш.Вараев, Х.Гогиев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: