Россин Федерацин могашаллаIалашъяран министерствон дIадолорца регионийн могашаллаIалашъяран министерствошца дIахьош йолу рогIера видеоселекторан кхеташо Къоман медицинин талламийн туьшаш кхиорна лерина яра.

Церан къамел хилира «Къоман медицинин талламийн туьшийн сет кхиор а, медицинин инновацийн технологеш юкъаялор а» аьллачу федеральни проектах лаьцна.
Видеоселекторан кхеташонехь дакъалоцуш яра Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран хьалхара заместитель Исакова ПетIамат, Къоман медицинин талламийн туьшан векалш.
Къоман медицинин талламийн туьшийн онкологин декъан куьйгалхоша мехала докладаш йира оцу декъехь бинчу белхан жамIаш довзуьйтуш.
Терахьаш далош, довзийтира телемедицинин консультацийн а, Iилманан-практикин мероприятийн а жамIаш.
Гучуевллачу проблемийн хьесапаш деш, керла декхарш а, Iалашонаш а билгал а еш берзийра кхеташонан болх.
З.ЯХЪЯЕВА
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо