Нохчийчоьнан хьуьнан бахаман хьал дийцаре дира

ТIехьа-Мартан кIоштан экологин-биологин туьшахь республикин Iилманан-практикин «Хьаннаш ларъяран а, тайп-тайпана дитташ кхиоран а» темина лерина семинар дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн пачхьалкхан «ТIехьа-Мартан хьуьнан бахам» учрежденин куьйгалхо Абубакаров Махьмад, иштта, республикин экологин-биологин туьшийн куьйгалхой а, хьехархой а.

Семинаран Iалашо а йовзуьйтуш, къамел дира ТIехьа-Мартан экологин-биологин туьшан куьйгалхочун заместитела Мамсурова Жалилас.

Цул тIаьхьа, оцу туьшан методиста шайн туьшахь кхоьллинчу «Экодар» школин хьуьнан бахаман белхан хьокъехь доклад йира.

– Хьаннаш талларан а, Iалашъяран а гIуллакхаш марздаран Iалашонца 2017-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь тхан туьшо кхоьллира «Экодар» школин хьуьнан бахам. Хьалхарчу деношкахь дуьйна дешархошца дIахьош белхаш бу. Берашна Iамадо диттийн, коьллийн а тайпанаш муха кхио деза, муха дIадогIа деза, иштта, Iамадо хенан хIоттам а, Iаламан меттиг а тидаме эца. СемаIашкана герга йолчу меттехь цхьа гектар хьун ю «Экодар» школин хьуьнан бахамна дIаелла. ХIинцале, цигахь дIадийна 1 800 наж а, къахк а диттийн синтарш. Цул сов, Ерригроссин заочни кепехь дIаяьхьначу «Уггаре а тоьлла хьунан бахам» конкурсан «Хьун меттахIор» номинацехь «Экодар» школин хьуьнан бахамехь къахьоьгуш долчу бераша толам баккхарна Россин Федерацин Iаламан тIаьхьалонан а, экологин а министерствос баркаллин кехат а, Сийлаллин гармота а елира «Экодар» школин хьуьнан бахамна, – элира Ж.Мамсуровас.

Цул тIаьхьа доклад йинчу Абубакаров Махьмада билгалдаьккхира хьаннаш вайн массеран а юкъара хазна хилар: «Вайн хьаннаш исбаьхьа, хаза ю Iай а, бIаьста а, аьхка а, гурахь а. Цундела уьш ларъяр вайн массеран а декхар ду. Къаьсттина аьхка цIе яларх ларъян еза уьш».

Нохчийн Республикин эколого-биологин туьшан куьйгалхочун Iилманан-методикин балхехула заместитела Муцуев Абубакара дийцира: «ТIеман шерашкахь наха чохь дагочу дечигна а, кхечу хьашташна а, бен-башха ца хеташ, дуккха а хьаннаш хIаллакйина, цу тIе тIемалоша а ягийна хьаннаш. Цуьнца доьзна дукхахдолчу диттийн тайпанаш (наж, поп) лахделла хьаннашкахь, церан метта дIадугIуш ду мах, маъ, къахьшту, дуушто, къахк, хьех диттийн синтарш. Бердашца йолу коьллаш хьакхар бахьанехь, бIаьстенан юьххьехь хиш дистина догIучу муьрехь, токхамаш хуьлу. Иза тахана коьртачу проблемех цхьаъ ю вайн республикехь. ТIаьхьалонан ойла а ца еш, дитташ я коьллаш хьакхаро лаьттан бух а хуьйцу. Хенан йохалла гучудолу Iалам ларцадар, адамо ша-шена деш зулам хилар. Дукха догIанаш оьхучохь дитташ алссам оьшуш ду, хIунда аьлча, латтана а, дIайийначу хIуманна а зен ца деш, дитташа дIахуду хи, иштта аьхка хIаваъ а хуьлу аьхна. Ткъа яьрташна йистехь йолу хьаннаш мехашна дика дуьхьало ю».

Республикин эколого-биологин станцехь кхоьллинчу школийн хьуьнан бахаман дешархоша доккха дакъалоцу республикин хьаннаш меттахIитторехь, уьш цIанъярехь, къона дитташ дIадугIуш, акхаройн, олхазарийн кхерамазалла совъяккхарехь.

ВЕГИЕВА Макка
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: