Футболах ловзарехь Россин Кубок яккхаран 1/8 финалехь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» командо шен цIахь тIеийцира Владивостокера «Луч» команда.
СоьлжагIалахоша цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна ловзаран «архаш» шайн буйна лецира.
Дукха хан ялале цара уьш кхиаме а кхачийра. 11-чу минотехь В.Беришас майданан сонера схьатоьхначу буьрканна, массарал а хьалха, тIекхиира А.Мбенг.
Хьешийн гIуданан майданара кевнехьа цо тоьхначу буьрканна дуьхьал эккха гIоьртинчу хьешийн полузащитниках Носовх а кхетта, юха а Мбенгана тIееара иза. ШолгIа цо тоьхна буьрка кевна чу яхара – 1:0.
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, шайн гIуданан майданахь «Лучан» защитник Марущак кIоршаме левзира. ТIаккха суьдахочо «Ахматана» бакъо елира 11 метрера гIуданан тохар дан. И тохар говза кхочушдира В.Анхела – 2:0. Оцу жамIаца чекхъелира хьалхара тайм.
Футболъезархой а, «Ахматан» футболисташ а гIеххьа цец а бохуш, шолгIа тайм жигара дIайолийра Владивостокерчу футболисташа. Уьш ира тIелатарш дан буьйлабелира.
ШолгIачу тайман хьалхара миноташ «Ахматан» кевнна гонаха дIаяьхьира цара, кест-кеста кевнехьа тохарш а деш. Цхьаьнакхетаран 54-чу минотехь Саламатовс хаза гол туьйхира соьлжагIалахойн кевна чу – 2:1.
Оцу хьоло вайн футболисташ оьгIаз бахийтинчух тера дара. Цара даррехь дIагайтира толам шаьш карара болуьйтург цахилар. Цара матчан 64-чу а, 66-чу а миноташкахь цхьацца гол туьйхира хьешийн кевна чу. Царах цхьаъ тоьхнарг Д.Глушаков вара.
«Ахмат» командехь ловза волавелчахьана цо дуьххьара тоьхна гол яра иза – 4:1. Цо дог-ойла гIаттийна волу Денис цул тIаьхьа а чIогIа дика левзира. Цуьнан тIаьхье дика а хилира.
«Лучан» голкиперан гIалатах говза пайда а эцна, геннара тоьхна, кевна чу буьрка яхийтира цо – 5:1. Цу тайппана бIаьрла толам а баьккхина ¼ финале елира «Ахмат».
ХIинца ¼ финалехь Санкт-Петербургерчу «Зенитаца» ловзур ю вайн команда. Цкъачунна хууш дац цхьаьнакхетар мичахь хир ду. Герггарчу деношкахь, кхаж а тесна, къастор ду иза.
Хь.САЙДАЕВ
№84, лахьанан (ноябрь) беттан 5 де, 2019 шо