Ма хазъелла еара хьо, Пайхамар (I.с.в.с.) вина буьйса!

Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла РаббиIул-Аввал беттан 12-гIа буьйса, бакъонца, Нохчийчохь даккхийчу даздаршка ерзийна дIахIоттийра.

Бусалбанаш шайна тIеийзон, тIебоьху меттиг хилла дIахIоьттира Шела шахьарара Делан Элчанан сийнна «Бусалбанийн дозалла» цIе тиллина долу исбаьхьа маьждиг. Коьрта даздарш цигахь дIадаьхьира.

Оцу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, шен коьртехь паччахьан кIант Халид бин Хьамад Аль Халиф волу Бахрейнера делегаци, ткъа иштта, иттаннаш эзарнаш вайн республикера а, гонахарчу регионашкара а бусалбанаш, Iеламнах, къурайшийн, эвлаяийн тIаьхьенех болу нах, тайп-тайпанчу вирдийн векалш.

Iуьйра-ламаз жамаIатехь динчул тIаьхьа, Iеламнаха, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад а дийшира, музарет а йийшира. Ткъа маьждигана хьалхарчу майданахь зуькарш дира тайп-тайпанчу вирдийн векалша.

«Бусалбанийн дозалла» маьждига чохь дIабаьхьира Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарца йоьзна йолчу, цо лелийначу хIуманийн – ассарийн гайтам.

Даздарш дIахьочу хенахь хаийтира, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дехарца республикерчу бахархоша Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мел салаваташ дехкина.

ХIокху сийлахьчу РаббиIул-Аввал баттахь 2,5 миллиард гергга салават диллина. Цул сов, Нохчийчоьнан бахархоша 2 180-зза Сийлахь Къуръан а дешна.

Кхуззахь дIадаьхьира Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьокъехь байт язъяран конкурсан жамIаш довзийтар. Оцу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина Тимбулатов Мовсара, шолгIа меттиг – Тахбаева Мархас, кхоалгIа меттиг – Зайпулаев Алихана.

Хьалхара меттиг яьккхинчунна совгIат дина 1 миллион сом ахча даларца. ШолгIа меттиг яьккхинчунна – 500 эзар сом даларца. КхоалгIа меттиг яьккхинчунна – 300 эзар сом даларца.

Деза де тIекхочуш, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо доккха сагIа даьккхира. Республикин гIаланашкахь а, кIошташкахь а дIасадийкъира 40 эзар гали шекар а, дуга а, котамийн жижиг чохь долу 20 эзар тIоьрмиг а.

Иштта, кIошташкахь берашна 1 миллион соьмана мерза хIуманаш дIасаекъна. Цул сов, оцу фондо 500 стагана ахчанца гIо а дина. Оцу Iалашонца дIасадекъна 25 миллион гергга сом.

Сатосучу хенахь, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу денна сийнна, йоккха шатлакх туьйхира. Иштта дерзийра даздарш.

Делахь а, хIара бутт чекхбаллалц Нохчийчуьрчу бусалбанаша дIахьур ду Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовладаш дешар.

Ларамаза ма дац нохчаша РаббиIул-Аввал баттах мовладан бутт алар. Ткъа Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу буьйсанах Мовлид ан Наби олу.

Д.АНАДЕВ
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: