Соьлжа-ГIалахь, У.Ахтаевн цIарахчу Волейболан цIийнехь, Нохчийн Республикин пачхьалкхан Кадыровн Орденан кавалер йолчу хелхаран «Вайнах» ансамблан 80 шо кхачарна лерина даздарш хилира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Культурин министра Дааев Хож-Баудис а.
Даздарш дIахьош Нохчийн Республикин халкъан артистка Ахмадова Хьава а, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Ибрагимов Iела а вара.
Чулацаме, йоккха, хаза программа яра «Вайнах» ансамблан кхолларалла езачарна гайта кечйинарг.
«Даймохк» хелхарца дIайолийра хьалхара номер.
КIайчу духарша сцени тIе бевллачу солисташа даггара динчу хелхарна дехха тIараш диттира хьовсархоша.
Хьалхарчу хелхарна кIайн духарш харжар а ларамаза дацара. КIайн бос – иза маршонан, даздарийн, толамийн билгало ю.
Иза иштта хилар тIечIагIдеш дара Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хож-Баудин «Вайнах» ансамблан кхолламах, цо 80 шарахь, нохчийн халкъаца цхьаьна дика-вуо доькъуш, бина некъ бовзуьйтуш, дина къамел.
«Нохчийн халкъ Казахстанера, ГIиргIизойчуьра цIадирзинчу шарахь а, хIусамаш а, некъаш а юхаметтахIитторал хьалха адамийн дог-ойла тоеш, 13 шарахь халонаш, иэшамаш лайначу нехан догхьастар коьрта дуй хууш, «Вайнах» ансамблан коллектив юха вовшахтуьйхира. Иштта, Нохчийчуьра тIемаш дIабирзинчу деношкахь дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) «Вайнах» ансамбль цIаерзон еза аьлла, солисташ цIаберзийна, ансамблан болх дIаболийча. Ахьмад-Хьаьжин хьекъал, хьикмат, тIаьхьалонна ойла ян хаар лаккхара хиларна тоьшалла дара иза. Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а боккха ларам бо «Вайнах» ансамблан. Вайн республикин культурин хьаьрмахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана гIо деш ца хиллехьара, тхоьга тхайн ницкъаца даккхий хIуманаш далур дацара», – билгалдаьккхира Х-Б.Дааевс.
Декъалдаран дош олуш, Кадыров Рамзана баркалла элира зала чохь болчу «Вайнах» ансамблан ветеранашна а, еххачу хенахь, «Вайнах» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо лаьттинчу Россин халкъан артистана Элимбаев Тапина а, «Вайнахан» солист а, Культурин министр а лаьттинчу Музакаев Дикалуна а. Элимбаев Тапина «Нохчийн Республикин сийлахь вахархо» цIе а, ансамблан ветеранна Могушков Ахьмадна «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIе а елира.
«Хож-Баудис аьллачу дешнашна тIетоха «Амин» алар бен ца дуьсу. Вай, олучохь илли олуш, хелха а довлуш, бер тахь къахьоьгуш, бертахь даха хьовсур ду. Нохчийчоь кхин а хаза а, дика а йолуш, вайн адам ирсе а дехаш, йогIур ю кхидIа йолу хан а, Дала мукъ лахь!», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
«Вайнах» ансамблан солисташа шайн репертуарера уггаре а тоьлла номерш гайтира.
Даздарш дIадоьрзу хан гергаяхча, юха а хаза кхаьънаш, совгIаташ дира. Нохчийн Республикин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан Президента Кадырова Айманис «Вайнах» ансамблана 60 стагана лерина йолу автобус а, хIора солистана 100 эзар сом ахча а делира. Ткъа ансамблан директорна Осмаева Заретина петар елира.
Шайн рогIехь «Вайнах» ансамблан солисташа Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна совгIатана «Нохчийн культура а, ламасташ а, гIиллакхаш а лардархо» аьлла, турс делира.
«Вайнах» ансамблан ветеранаш сцени тIе бохуш, цара хелхаран бал боккхуш, дерзийра даздарш.
З.ХИЗИРОВА
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо