Къоначу спортсменийн кхиамаш

Ейск гIалахь (Краснодаран мохк) дIаяьхьира СССР-н хьакъволчу тренерна Поддубный Иванна лерина греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш.

Вайн республикера оцу мехалчу турнирехь дакъалоцуш РСШОР-н спортсменаш бара.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира вайн махкахой: Исаев Хьамид (77 кг.), Мусураев Шемал (87 кг.), Бикаев Сулим (67 кг.).

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: Х.Эскерханов, М.Таипов, Б.Гулаев, А.Макаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: