Ерригроссин «NAUKA» фестивалан гурашкахь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Нохчийн Республикин школашкарчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина дIаяьхьначу Iилманан-методикин семинаран тема яра «Республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехарехь нислуш йолу проблемаш».

Семинар, иштта, лерина яра нохчийн поэт, Iилманча Гадаев Мохьмад-Салахь дуьнен чу ваьлла 110 шо кхачарна а.
Цигахь дакъалоцуш вара университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, Iилманан а, дуьненаюкъарчу гIуллакхийн а декъехула проректор Арсанов Шавади, университетан филологин а, историн а, бакъонан а институтан директор Мусхабова Есита, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Дадашев Райком, философин Iилманийн кандидат, философин кафедрин доцент Гадаев Ваха, университетан хьехархой, студенташ, ткъа иштта, вайн республикин школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, дешархой.
Семинарехь дийцира поэтан халачу дахарх а, цо лайначу баланех а, набахтехь волуш, цо язйинчу говзарийн кIоргенех а.
Хууш ма-хиллара, Гадаев Мохьмад-Салахьан байташ тIехь даьхна иллеш ду. Уьш халкъо дезаш тIеэцна, даима а дехар долчу иллийн могIарехь ду. Поэтан башхачу амалх а, гIиллакхех а лаьцна дийцира цигахь. Ша ца кхоош, дерриге а халкъах хьакхалуш, олуш долу хIума къовсуш кхаьчна ву иза набахтешка.
Семинарехь дакъалаьцначу университетан студенташа а, школашкарчу дешархоша а йийшира поэтан уггаре а гIараевлла йолу байташ. Царах ю «ЦIен берд», «Даймахке сатийсар», «Дарта», кхиерш а.
Ткъа семинарехь дакъалоцуш хиллачу хьехархоша нохчийн меттан а, литературин а декъехула мастер-классаш дIаяьхьира.
Иза вовшахтоьхначара баркалла элира дакъалаца баьхкинчарна.
Нохчийн матте а, литературе а болу шайн безам а, Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалле йолу марзо а гайтира цара.
Ишттачу семинараша къоначеран догойла самайоккху, хьехархойн хьуьнар алсамдоккху.
Билгалдаккха деза хIара тайпа семинар Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь хIора шарахь дIахьош хилар.
З.ЯХЪЯЕВА
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо