Хьалдолчу ингалсхойн доьзало хийцина хилла шаьш деха гIала.
Керлачу меттехь церан кIант дуьххьара школе воьдуш хилла оцу дийнахь.
Нанас кIантана тIаьхьаяьллачохь, хьехар дина цунна: «Варийлахь, цхьана а адам-дега ма хаийталахь вай дехаш Iаш дуй», – аьлла.
КIант школе дIакхаьчна, урок йолаелча хьехархочо шайн доьзалх лаций сочинени язйе аьлла берашка.
Хьоладен кIантана дагадеана шега шен нанас аьлларг, юха ойлане а ваьлла, дIайолийна шен сочинени: «Тхан доьзал чIогIа къен Iаш бу. Къечу меттехь, къечу цIа чохь Iаш ду тхо. Тхан дас кест-кеста олу тхоьга: «Къен хилар гIолехь ду, хIунда аьлча, хьалдолу нах даима а саготта хуьлу шайн бахам хIун дина совбоккхур бара-те бохуш. Вижар-гIаттар доцуш дIадолу хьолахойн дахар. Ирс долуш бу къен нах, Iаббалц наб-х йой цара!». Ткъа тхо-м къен Iаш ду. Иштта, тхан цIахь мел верг а ву шуна къен Iаш: тхан ялхой а къен бу, тхан шофер а къен ву, тхан хехо а къен ву, тхан бешара дитташ, зезагаш кходуш верг а къен ву, тхан поварш а къен бу».
Ингалсан маттера гочйинарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо