Говза хелхар

«Вайнах» кхоллараллин коллективо Нохчийчохь а, цуьнан дозанал арахьа а, кхечу пачхьалкхашкахь а концерташ лучу хенахь, массара а езаш тIеоьцуш ю вотанчаша еш йолу «Лаьмнийн мукъамаш» номер.

Цуьнан дакъалацархо а, хелхаршкахь трюкаш еш а ву «Вайнах» ансамблан дакъалацархо, Нохчийн Республикин халкъан артист Демельханов Абу.

Шен къинхьегаман некъ А.Демельхановс дIаболийна 2004-чу шарахь «Башлам» ансамблехь.

ХIетахь тобанан исбаьхьаллин куьйгалхо Нохчийн Республикин халкъан артист Алиев Яхьсан вара.

Нальчикера искусствийн Къилбаседа Кавказан институт чекх а яьккхина веара Абу оцу тобанна юкъа.

«Вайнах» ансамблехь иза 2010-чу шарахь дуьйна ву.

Шена дагахь йисина мIаьргонаш йовзуьйтуш, А.Демельхановс дуьйцура: «Кремлехь, дакъалоцуш Къилбаседа Кавказан регионашкара кхоллараллин коллективаш а, регионийн куьйгалхой а болуш, дIаяьхьна фестиваль дагахь йисина суна. Ерриге а коллективаша шайн номерш гайтинчул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс Россин Президенте хаьттира: «Владимир Владимирович, муьлха коллектив гIолехь яра алахьа!». «Нохчий лаккхарчу тIегIанехь бара!», – жоп делира Президента. ХIетахь тхан коллективана хореографихула Россин Федерацин преми елира».

Ша-шен ца кхоош, цо лаккхарчу говзаллица къахьегар тидамза ца дисира республикин куьйгаллина.

2014-чу шарахь республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн Указаца «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» це елира А.Демельхановна.

КIирандийнахь хиллачу юбилейни концертехь «НР-н халкъан артист» цIе елла цунна.

«Суна баркалла ала лаьа Р.Кадыровна цо нохчийн культурина леррина терго ярна, – бохура А.Демельхановс. – Ансамблан хIора артист цIарца вевза цунна, евза церан проблемаш. ХIоранна хIун оьшу хаьа, церан гIолоцу, кхочушдо церан хьашташ. Цунна тоьшалла ду цо суна дина гIо. 2017-чу шарахь сан цIенош, схьаэца хIума ца дуьсуш, даьгна дIадевллера. Иза шена хиъча, йоццачу хенахь хьалхачул хаза цIенош дIахIиттадайтира цо. Дела реза хуьлда цунна. Доккха гIуллакх ду цо динарг».

Л.ДАУТОВА
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: