Республикин «Синмехаллаш» конкурс-фестивалан кхоалгIачу муьран хьалхара дакъа дIадолош, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан а, Эна-Хишкан (Соьлжан) кIоштан культурин отделан а командаш цхьаьнакхийтира Курчалойн кIоштарчу БIачи-Юьртан культурин цIийнехь.

Нохчийн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а довзийтаран дакъошкахула сценкаш кечйинера шина а командин декъашхоша.
Вокальни а, къоман музыкин гIирсашна тIехь мукъамаш балоран а номинацешкахь шайн хьуьнарш гайтира цара.
Шайн-шайн командин догойла ир-карахIотто баьхкинера шина а кIоштан администрацин векалш. Иштта, бIачиюьртахой а, луларчу ярташкара нах а бара «Синмехаллаш» конкурсе хьовса баьхкина.
Гуш дара шина а командо дика кечам бина хилар. Конкурсан дакъалацархойн хьуьнарийн мах хадош, жюрина юкъахь бара республикин культурин хьакъболу гIуллакххой а, яздархой а.
ХIора а номинацин баллаш вовшахтоьхча, шина а командин 121 балл хилира.
Конкурсан дакъалацархой декъалбеш, конкурсан мехалла йовзуьйтуш, вистхилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди: «Тахана дIадаьхьначу ловзарехь гуш дара «Синмехаллаш» конкурс, шо-шаре мел долу а, кхуьуш хилар, цуьнан хьовсархой алсамбуьйлуш хилар. Командийн декъашхой говза актераш бацахь а, цара шайн ролаш дика ловзийра. ХIора а сценка нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ довзуьйтуш, уьш шайн доьзалехь, юкъараллехь лардича оьзда хилар гойтуш яра. Къаьсттина хIара конкурс оьшуш ю къоначу чкъурана», – дерзийра цо шен къамел.
ВЕГИЕВА Макка
№86, лахьанан (ноябрь) беттан 12 де, 2019 шо