Нохчийн лаьмнашкахь – «Дайн лорах» пресс-тур

Чоьхьара туризм кхиоран хьокъехь долу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, республикехь дIахьош ю «Дайн лорах» аьлла йолу пресс-тур.

Иза вовшахтоьхна Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис.

Цуьнан гурашкахь шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а, блогерш а хуьлу лаьмнийн кIошташкахь. Цара шаьш дохучу суьрташца а, видеошца а, яздечу йозанашца а йовзуьйту республикин бахархошна шайн Даймехкан лаьмнийн исбаьхьалла.

Ша пресс-тур деа декъе екъна ю: Веданан кIошт; Нажи-Юьртан кIошт; Шаройн а, Итон-Кхаьллан а кIошташ; ГаланчIожан кIошт.

Хьалхарчу шина кIошта, хIинцале а, кхаьчна пресс-туран дакъалацархой.

Веданан кIошта боьлхуш, ша Веданарчу гIопехь а, обарг Зеламхин Хорачарчу хIолламехь а, оццу юьртарчу тIеман-гIаролан бIаьвнехь а севцира журналисташ а, блогерш а.

Цул тIаьхьа садаIарантуризман «Къоьзан-Iам» а, историн-архитектурин «Хой» а комплексашкахь а, Iалдам-ГIезин гIопехь а, МакIажахь а хилира.

Хойхь журналисташ тIекхечира дIахьочу меттахIитторан белхашна. Уьш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца дIахьош бу.

Ткъа Нажи-Юьртан кIошташка дахар мелла а башхалла йолуш нисделира, хIунда аьлча, ша Бенахь а, туризман «Ахки-ТIай» комплексехь а, «Шира-Бена» хьешацIийнехь а, культурин-этнографин «Шира-Бена» комплексехь а, туризман «БугIин пхьа» базехь а хилира.

Делахь а, кхузахь билгалдаккха догIуш цхьа хIума ду – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де тIекхочуш хилар тидаме а эцна, 10 сов юрт а, кIотар а шена юкъайогIучу Бенахь дIахьош дара шовданаш цIандар.

Меттигерчу туризман «Беной Тревел» компанин векалшца цхьаьна Республикин «Дайн лорах» пресс-туран дакъалацархоша а жигара дакъалецира оцу мехалчу гIуллакхехь.

Пресс-тур хIинца а чекхъяьлла яц. Цундела, кхеташ ма-хиллара, дерригенан а сурт хIотталур дац. Амма, цхьабакъду, вайн дайн дахар атта ца хилла. Атта дац тахана лаьмнийн ярташкахь Iаш болчу бахархойн дахар а.

Делахь а, коьрта хьелаш кхоьллина царна – болх беш школаш а, берийн бошмаш а, дарбанцIенош а, маьждигаш а ду.

Хица цхьайолу халонаш нислахь а, токаца а, газаца а, мобилан зIенаца а кхачо йина. Массанхьа а силаман чкъураца «хьулдина» дацахь а, гIашлойн а, автомобилийн а некъаш ду, кхачам боллуш тIайш а техкина.

Яккхий заводаш а, фабрикаш а, массарна а бан Iедалан белхаш бацахь а, цигара бахархой бошмаш а, даьхни а лелош бу.

Иштта, пайдаоьцу лаьттах а, хасбешах а.

Шайн кIошташкахь а, билггалчу шайн ярташкахь а туризм кхуьуш хиларх баккхийбебо уьш, амма шайга стаг, турист санна а ца вогIуш, хьаша санна вар къаьсттина дукхадезаш бу уьш.

Цунах лаьцна ма-дарра дуьйцур ду вай «Дайн лорах» пресс-тур чекхъяьллачул тIаьхьа.

И.ИСЛАМОВ
№85, лахьанан (ноябрь) беттан 8 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: