Лулахоша шайн питанчаш хIунда ца совцабо?

Шайн питанчашна доза доцу маршо елла лулахоша – делахь а, ма-дарра аьлча, и маршо нохчашна а, Нохчийн Республикин куьйгаллина а дуьхьал болх бан бен елла яц цара.

Дуьххьара «оха нохчашка бохуш хӀумма а дац, нохчийн куьйгаллина бен» бохуш, нохчийн халкъ а, нохчийн халкъан куьйгалла а декъа буьйлира уьш.

Цул тӀаьхьа «нохчаша тхоьгара мохк дIабаьккхина» бохуш, дуьнене а шайна орца деха буьйлира.

Цунах а шайн гӀуллакх ца хилча, «мӀайстой а, аьккхий а, маьлхий а, кистой а, орстхой а нохчийн къомах бац» бохуш, тептарш а, косташ а даржо буьйлира.

ТӀаккха а шайн харцо чекх ца яьлча, компьютеран графикин программех пайда а оьцуш, суьрташ а, видеош а ян буьйлира – царна тӀехь «гойтуш» ду «нохчаша схьадаьхна латтанаш» – хӀинццалц цара дийцинарг ГаланчӀожан кӀоштан латта бен ца хиллехь, хӀинца уьш кхин а гена а, кхин а эвхьаза а бевлла – Эна-Хишка (Серноводск) а, Эха-Борзе (Ассиновская) а, Буммат (Бамут) а, ВаларгтӀе (Валерик) а, ШаӀми-Юрт (Шаами-Юрт) а, ТӀехьа-Марта (Ачхой-Мартан) а, Шовдана-Юрт (Давыденко) а, Хьалха-Марта (Урус-Мартан) а, Ӏалхан-ГӀала (Алхан-Кала) а шайн ю боху цара.

Оцу декъехь болх беш леррина нах а, гӀирсаш а бу церан.

Кхузахь иштта хаттар кхоллало: «ХӀунда ца совцабо лулахоша шайн питанчаш? Ванах, и лулахой а, гучу суьртаца дуьстича, оцу питанчийн дог-ойла йолуш-м бац теша?».

И ярташ а, шахьарш а ехкинарш а, уьш мостагӀех ларйинарш а, уьш ларъеш эзарнашкахь кхелхинарш а нохчийн кӀентий а, йоӀарий а бу.

ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа уьш меттахӀиттийнарш а бу нохчийн кӀентий а, йоӀарий а.

Дика дарий-те вайна юккъе эвхьазло а ца яржош, нохчий къинтӀера а баьхна, ӀадӀийча? Я 1810-чу а, 1992-чу а, 2009-чу а шерашкара хиламаш нохчаша шайна дагабахкийтаре сатуьйсуш бу-те царах цхьаберш?

И.ИСЛАМОВ
Суьрта тIехь: питанчаша динчарех цхьа карта

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: