Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца дIахьочу «Дайн лорах» пресс-туран III-чу декъан гурашкахь журналисташ а, блогерш а: Шаройн, Итон-Кхаьллан, Шуьйтан кIошташкахь хилира.

Ваха-ван уггаре а хала долчу Шаройн кIоштахь пресс-туран дакъалацархой Шарахь а, ХIимахь а хилира.
Дуьххьара ХIима хиллехь а, Шара бахара журналисташ а, блогерш а. Цигахь, хууш ма-хиллара, Шаройн бIаьвнийн комплекс меттахIотторан белхаш бу дIахьош.
Таханлерчу денна тIеман 7 бIов а, чохь Iен 2–3 гIала а меттахIоттийна бевлла говзанчаш. Цул сов, чаккхене бирзина оцу комплексана юкъадогIуш долу маьждиг меттахIотторан болх а.
И комплекс нохчийн къоман историн а, архитектурин а тIаьхьалонан объект ларалуш ю, хIунда аьлча, цуьнан, мел лаххара а, 15 бIешо ду.
ХIима охьабаьхкинчу журналисташна а, блогершна а хьешийн «Шара» цIийнехь доккха хьошалла дира кIоштан куьйгалхочо Магомедов Рамзана.
Ша куьйгалла дечу кIоштарчу хьолах а, шайн кхиамех а, лазамех а лаьцна дийцира цо.
Цо дийцинчух къаьсттина шена тIе ойла а йохуьйтуш, хазахетарг цхьаъ дара – Шаройн а, Веданан а кIошт вовшашца юзуш, некъ боккхуш хилар. И некъ баьккхина баьлча, Шаройн кIоштан муьлххачу а юьртара, масала, Къоьзан-Iома тIе 20 минотехь дIакхочур ву.
Пресс-туран дакъалцархой Шаройн кIоштара Итон-Кхаьллан кIошта бахара.

Цигахь, Хьачарарчу «Ведучи» курортехь буьйса а яьккхина, беллачийн гIала ларалучу «ЦIойн-Пхьеде» а, цигара ТIерлой-Махкарчу Никара а кхечира.
Билгалдаккха догIу, цкъачунна, Никара боьдуш цхьа некъ бен цахилар. Иза ваха-ван чIогIа хала бу. Амма дозанхоша билгалдаккхарехь, хIинца ГаланчIожан кIоштара керла некъ бу Никара кхаччалц баккха болийна.
И некъ баьккхина баьллачул тIаьхьа, цхьа а шеко йоцуш, Никара а, МоцIара а хьалагIуртур бу бахархой а, туристаш а, хьеший а – и ший а меттиг ден а еш.
Никарара юха Итон-Кхаьлла а баьхкина, цигара Шуьйтан кIошта охьабевлира журналисташ а, блогерш а.
Цигахь уьш Нихаларчу чухчарешка а, ЧIиннахарчу туризман а, садаIаран а «Ши бIов» комплексе а, ша Шуьйта а, иштта, Зонахарчу садаIаран «Вай Лам» комплексе а кхечира.
Цу тIехь дIадирзира «Дайн лорах» пресстуран III-гIа дакъа.
Чаккхенан IV-гIа дакъа шоьтан дийнахь хир ду – оцу дийнахь журналисташ а, блогерш а ГаланчIожан кIошта кхочур бу.
И.ИСЛАМОВ
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 15 де, 2019 шо