Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманан а, кхоллараллин а белхан Iалашонех а, институтан керлачу дIахIоттамах лаьцна а дийцар коьрта Iалашо йолу рогIера кхеташо хилира.

Иза дIаяьхьира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата.
Институтан цIе а, декхарш а, Iалашонаш а хийцаяларца доьзна, институтан болх керлачу тIегIане баккхархьама, институтан хIора белхахочунна хьалха хIиттийна леррина декхарш ду.
Ткъа къоман маттаца беш болу болх, вайна ма-хаъара, цхьана стага ша бойла дац, мотт кхиорехь оьшуш дерг цунах дог лозу нах цхьаьна хилар а, уьш кхоллараллин лехамехь хилар а ду.
Цундела, ала лаьа, Умхаев Хьамзата ша куьйгалла дечу институтехь вовшахтоьхна нах тахана вайн республикехь нохчийн меттан а, литературин а декъехь тоьлла говзанчаш а, Iилманачаш а бу. Царна юкъахь ву: Овхадов Муса, Ахмадов Муса, Халидов Муса, Яндарбиев Хьамзат, Вагапов Iаьрби, Джамбеков ШаIрани, Эдилов Салавди, Дудаев Султан, Джунаидов Аюб, Солтаханов ИбрахIим, Абдуразаков Шертбек, Абдулкадыров Адам, Вагапова Асет, Абдулкадырова Раиса, Айдамирова Машар, Хунарикова ПетIамат, Тутаева Сацита, Алиева Зарина, Петирова ПетIамат, Бадаева Iайшат, Халикова Асет а, иштта кхиберш а.
Институто хIокху массех баттахь бина болх а кIезиг бац.
ТIаьхьарчу шерашкахь хьовха, хIокху бIешеран тIаьхьарчу эха декъехь а къуьйсуш, дуьйцуш лаьтташ дара нохчийн нийсаяздаран бакъенех дерг.
ХIинца, Делан къинхетамца, нийсаяздаран бакъенашца дерг цхьана хорша дирзина, цул сов, нохчийн меттан орфографин йоккха дошам вовшахтохаран Iалашо йолу болх бу карарчу хенахь дIахьош.
И дерриге а, дийцар доцург, йист ца йолуш, лаьттар дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана сагатдеш, вайн къоман хазна – мотт кхиор къоман стратегин маьIна долу гIуллакх санна, шен тидамехь латтош вацахьара.
Нохчийн мотт а, къоман гIиллакхаш а Iаморехь, уггаре а чIогIа тIеIаткъам хуьлу бераллин хан хьесапе а оьцуш, берашна дукхезаш йолу мультфильмаш хIинца дуьйна вайн нохчийн маттахь кечъяйтарна тIехь а къахьоьгур ду институто.
Вайн меттан диалекташ дIаязъеш, кегийрхошна шайн ненан мотт марзбаран биста кхаччалц болх а дIахьур бу. Оцу дерригенна а оьшу шайн-шайн дакъошкахула болх бен болу лаборатореш хилар.
Хьамзата билгалъехира институтан Iилманан-талламан белхаш дIахьош къахьоьгур долчу лабораторийн кепаш.
Кхеташонан шолгIачу декъехь дийцаре дира школашкахь Iамочу нохчийн литературин Iаматех дерг: Советийн заманан политикица а догIуш, амма нохчийн къоман гIиллакхна, эхь-бехканна хийра долу хIуманаш дIадохуш болх бан безар бу.
«Вайн йиш яц оцу заманахь хиллачу авторийн говзаршна тIехь хийцамаш бан, амма вайн бакъо а ю, декхар а ду нохчийн къоман вадца ца догIурш ца дита а, нохчийн литературин говзаршна тIехь кхана нах кхаьрдар болу хIуманаш делахь, уьш, вайн школашкарчу дешархошна хьалха йохкучу Iаматашна тIе ца довлийта а», – бохура Хь.Умхаевс.
Цул сов, Хьамзата хаийтира институтан векалша луларчу Гуьржийн махкахь дIаяьхьначу Iилманан конференцехь дакъалаьцна хилар.
Гергарчу заманахь институтан лаборатореш билгалъяхарца дерг а къаьстар ду, тIаккха цара бечу балхах лаьцна а дуьйцур ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 15 де, 2019 шо