Айдамиров Абузар дагалецира

Шелан шахьаран юкъ хазйина лаьттачу Шелан кIоштан Культурин цIийнан баьрччехь дIатаръелла Шелан кIоштан коьрта библиотека.

Культурин мероприятеш, хIора дийнахь бохург санна, хуьлу цигахь, делахь а, хьастагIа, цхьа шатайпанчу синайамца, байташ йоьшуш а, спектаклан инсценировкаш еш а, дукха лерина кечамаш беш гора, къегина кечделла даьхкинера бераш а, церан хьехархой а.

Шеларчу №8 йолчу школин лакхарчу классийн дешархой гича хеталора, уьш цхьа жоьпалле экзамен дIаяла схьагулбелча санна.

Нохчийн литературин классикан, нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран кхоллараллина лерина суьйре дIаяхьа цхьаьнакхеттера адамаш. Ткъа дешархой а, хьехархой а сатесна хиллера оцу суьйренехь яздархочун йоI, яздархо Айдамирова Машар ган.

КIоштан библиотекин заведующи Эльдарова Разет а, Шеларчу №8 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Делиева Наташа а дукха хенахь дуьйна хиллера Айдамиров Абузаран дахарх а, кхоллараллах а лаьцна суьйре дIаяхьа лууш.

Машарца цхьаьна Абузаран кIентан кIант Берс веана хиларх а кхаъ хиллера массарна. Оцу суьйренехь дакъалоцуш вара къона поэт, Нохчийн Республикин пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан солист, шелахо Минцаев Iаьлви а, дукха хенахь дуьйна АйдамировгIеран доьзалца гергарло лелош йолу хьехархо, яздархо Джабраилова Руми а.

Суьйре дIайолош, Эльдарова Разета хьешашка маршалла хаьттира. Суьйре дIахьош бара Шеларчу №8 йолчу школин дешархой Мурдалов Сайд-Селим а, Дадаева Iайшат а.

Дешархоша докладаш йира Абузаран дахарх а, кхоллараллах а лаьцна.

Цул тIаьхьа, ладогIархойн тидам тIебохуьйтуш, дийцира Абузаран, литературин хьаьрмахь бIаьвнаш хилла лаьттачу «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романех лаьцна.

Оцу романашна юкъара уггаре а дагахкхеташ йолу меттигаш, масала, нохчий Хонкара а, Шема а дIабоьлхучу хенахь хилларш-лелларш, спектаклан инсценировкаш еш, гайтира.

Дагах ца кхета йиш яцара Айдамирова Машара шен дех лаьцна язйинчу «Абузаран дахар а, кхалларалла а» книги юккъера Абузаран а, цуьнан хIусамненан МухIажаран а къамел гойтучу меттигах хIоттийна инсценировка.

Цигахь дуьйцура «Еха буьйсанаш» роман шолгIа зорбане яккхарехь нислуш хиллачу халонех, Абузар хьанал стаг хилар бахьана долуш, цо лайначу халонех. Абузаран а, МухIажаран а ролаш ловзийра Патаев Хьамзата а, Алиева Тамилас а.

Иштта, «Еха буьйсанаш» романа юкъара «Вежарий» аьллачу декъан инсценировка гайтира Дишнаев Юсупа а, Насуханов Адама а, Данаева Самирас а.

Абузаран байташ дIайийшира дешархоша Азиев Увайса, Умаева Эльмирас.

Кечамаш дика бинера дешархоша. Иза хаалора цара гойтучу хIора а номерехь.

Машарна а, Берсана а дерриге а карладаьлла хилар гуш дара.

Кегийрхошна дезаш а, девзаш а хиллера Абузаран дешнаш тIехь даьхна иллеш. Царах дара, масала, Димаев Iумара мукъам баьккхина «Чекхъяла, хIай Iаьржа буьйса» илли а. Иза дIаэлира дешархочо Бачаев Юнуса.

Иштта, Абузаран дахарх лаьцна дийцира дешархоша Даргаева Хедас а, Дудаева Камилас а, Закаева Зулейхана а, Мальцагова Анжеллас а, Джафарова Эсета а, Дишнаев Илеса а.

Литературин а, музыкин а программа дIайирзича, Машаре а, Берсе а дош делира.

Цул тIаьхьа дешархоша кечдинчу хаттарашна жоьпаш делира цара. Оцу тайпа цхьаьнакхетарш кегийрхошна оьшуш хилар а гучуделира оцу суьйренехь.

Хаза буьйцучу нохчийн маттах а, ролаш ловзош гойтучу спектаклах а, телевизоран я инстаграман агIон тIехь а доцуш, иштта, дуьхь-дуьхьал охьа а хевшина, диканиг а, оьзданиг а, хазаниг а дуьйцуш, хан яккха хьаьгна буйла хиира кегийрхой. Йоккха дегайовхо а кхолалло ишттачу цхьаьнакхетаршкахь.

Айдамиров Абузаран дош довза лууш а, оьшуш а, цунах кхета гIерташ а бу вайн школашкара дешархой.

Нохчийн гIиллакхца евзаш йолчу Машара цхьаьнакхетаре веанчу Минцаев Iаьлвига ша язйина байташ ешийтира, церан лаккхара мах а хадийра.

Разета баркалла элира Шела шахьара баьхкинчу хьешашна а, суьйренан дакъалацархошна а. Ша Абузарана лерина язйина байт дIайийшира цо.

Суьрташ дохуш, Машарна гуонаха хьаьвзира дешархой. Машара а баркалла элира суьйре вовшахтоьхначу Эльдарова Разетана а, дешархой кечбинчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочунна Делиева Наташина а.

Дог-ойла ир-карахIоьттина дIасадуьйхира суьйренехь хилла адам.

З.ХИЗИРОВА
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: