Дарвинан теори нийса а ю, адам маймалх схьадаьлла а ду, дин – иза кхетам бахош йолу опиум а ю бохучух вай тешо гIиртина зама дукха гена яьлла яц вайна.
Делахь а, зама а хийцало. Вайн пачхьалкхехь хуьлучу хийцамашца, Iедале къона а, тIах-аьлла а куьйгалхой бахкарца доьзна керла таронаш-аьттонаш хилира дин довза а, Iилма Iамо а, Iер-дахар, айхьа лелочу динан лехамашца, дIанисдан а. Ислам – иза синтеман, маршонан, массо а агIор кхиаран закъалт ду.
Тахана вайн кегийрхойн боккха аьтто хилла деша а, бусалба дин Iамо а, цуьнца цхьаьна керла зераш а ду нахана тIехIуьттуш. Доьзал кхиорехь, рицкъ даккхарехь, Iамал ярехь само ян езаш зама ю хIара.
Дозалла до ас вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан массарел а каде, чIарх-аьлла хиларх, хIунда аьлча, хIора доьзалехь кIентий бу, царна, кхин дика хуьлийла доцуш, масал эца диканиг ву Рамзан, тхан, нохчийн нанойн догъэца хиъна волу. Шен дешан да ву иза. ГIуллакх а, дош а цхьаьнадогIу цуьнан.
Шелахошна доккха совгIат, ялсаманин цхьа дакъа санна, доккха совгIат – «Бусалбанийн дозалла» маьждиг дайтина цо. Дуьнен чуьра йоцу хазалла хеталуш, исбаьхьа ду маьждиг. Оцу маьждига чохь синтем, аьхналла ю.
ШолгIа хазахетар а, дозалла а ду и маьждиг Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIарах хилар. ХIора пIераскан дийнахь леррина кевнах арахьожу со рузбанан ламазе богIучу нахе бIаьргтохьархьама.
Дог доьлуш, токх хуьлу АллахIан цIенна – урамнекъаш дIалаьцна маьждиге богIучу нахана юкъахь дуккха а кегийрхой хиларна. Хазахетаран бIаьрхиш довлу бIаьргех.
Уьш ненан бIаьрхиш ду. И кегийрхой вайн кIентий, вежарий бу. Уьш пивон банканаш каралаьцна а, я багахь цигаьрканаш йохкуш а бац. Уьш ийманан новкъа богIуш бу. ТIаккха дог синтеме хуьлу.
АллахI реза хир волчу агIор а, АллахIан дуьхьа а даха хьовса деза вай. Дахар а, АллахIа вайна магийнарг бен ца деш, нисдан гIорта деза. АллахI резаван динарг бен карор а дац, дуьсур а дац вайна.
АллахIана дуьхьалдахар юьхькIоме хуьлийла вайн!
Гакаева-Эльдерханова Киса
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 15 де, 2019 шо