Харцо гучуяьлла
Нохчийчоьнан прокуратуро теллира регионехь банкротствон хьокъехь долу законодательство кхочушдар.
И болх дIахьочу хенахь гучуделира Нохчийн Республикин Арбитражан суьдан сацамца пачхьалкхан унитарни «Стройинвестиции» предприяти (ГУП) банкрот лерина а, цуьнца доьзна конкурсан производство дIайолийна а хилар.
Банкрот хилар билгалдаккхаран гурашкахь оцу предприятин бахаман мах 200 миллион соьман барамехь хилар хьесапе ийцира рынкан мехашкахь.
Оццу хенахь терго латторан гIуллакхаш дIахьош гучуделира банкротствон хьокъехь долу Федеральни закон кхочушдо аьлла, бахьана а хIоттийна, предприяти йохкар дIаяхьарехь бахамлелоран субъекташа шуьйра дакъалацарна доза а тоьхна, предприятин бахам 9,1 миллион соьмах дIабоьхкина хилар. Аьлча а, 190,9 миллион соьмана эшам а беш.
Динчу хьесапаша гойтура оцу дерригено а тIаьххьарчу чоьтехь кредиторийн бакъонаш талхор а.
Цунна тIе а доьгIна, регионан прокуратуро ша бинчу талламан материалаш дIаяхьийтира, РФ-н УПК-н 37-чу статьян 2-чу декъан 2-чу пунктаца нийса а догIуш, оцу гIуллакхна бехке верг уголовни жоьпе озавайта.
Талламан органаша уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 285-чу статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна.
Бехкана къера хилира
Ша волчу меттехь кхечу пачхьалкхан гражданин хьесапе эцарехь харцонаш лелорна РФ-н УК-н 322.3 статьяца билгалдина зулам дарна бехкееш Девкар-Эвларчу яхархочунна Б.Маликина дуьхьал лелийна уголовни гIуллакх къастийра Грозненски кIоштахула йолчу №19 йолчу суьдан участкан маслаIатан суьдахочо, пачхьалкхан бехкевархочо – Грозненски кIоштан прокуроран гIоьнчас дакъа а лоцуш.
Суьдехь билгалделира кху шеран хIутосург (май) баттахь Б.Маликас Нохчийн Республикин МВД-н миграцин гIуллакхашкахула йолчу урхалле чуделира Грозненски кIоштарчу Бамат-Юьртахь (Виноградное) Азербайджан Республикин гражданин хьесапе эцийта лерина долу документаш. Документаш тIехь гайтинчу адресца вехаш вацара иза. Бехкеешъерг къера хилира шен бехкана.
И тайпа зулам дарна хьалха, гIуда тухуш (иза дIатакхаза ду), суьдо таIзар дина хилар хьесапе а эцна, Б.Маликина арахь яккха (условно) 6 бутт хан туьйхира, зеран хан 9 бутт а хIоттош.
Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю.
Промышленни кхерамазалла талхор хааделла
Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан прокуратуро теллина автогазозаправкин «Шатой» станцехь промышленни кхерамазаллин лехамаш кхочушбар.
Билгалдаьлла АГЗС йолчо, газ йохкаран гIуллакх лицензи а йоцуш дIахьош хилар.
Цул сов, цIеяларан кхерамазаллин лехамаш а ца хилла кхачам боллуш кхочушбеш.
РФ-н УПК-н 37-чу ст. 2-чу декъаца нийса а догIуш, РФ-н УК-н 238-чу ст. 1-чу декъаца (пайдаэцархойн дахаран а, могашаллин а кхерамазаллин лехамашца догIуш а доцуш, хьашташ кхочушдар) уголовни гIуллакх долийна кIоштан прокуратуро.
Уголовни гIуллакх таллар кIоштан прокуратуро шен тергоне эцна.
Хица кхачо ца йо
Регионан прокуратурехь къастийра шайна хица кхачоеш цахиларан хьокъехь Нажи-Юьртан кIоштан вахархочо дина арз.
Бинчу талламо гайтира «Чеченводоканал» ГУП-н Нажи-Юьртарчу филиало хица кхачояран хьокъехь бинчу бартана тIе а доьгIна, хица хьакъ ма-дду кхачоеш цахилар. Иштта, арз диначун хIусаме еххачу хенахь ца кхаьчна молуш долу хи.
Цуьнца доьзна Нажи-Юьртан кIоштан прокуратуро филиалан даржехь волчу белхахочунна дуьхьал гIуллакх долийна РФ-н КоАП-н 7.23 статьяца билгалйина административни бакъонаш талхорна.
Оццу хенахь муниципальни кIоштан администрацин а, филиалан а шина куьйгалхочунна тIедиллина законан талхораш йоццачу хенахь дIадахар.
Талламо гайтина…
Гуьмсан кIоштарчу «Бахархой балха нисбаран туш» ГБУ-хь пачхьалкхан контракташ хIитторан гIуллакх теллира Гуьмсан кIоштарчу прокуратуро.
Билгалдаьлла учрежденис корматаллин дешарехула а, пенсе боьлху хан тIекхочуш болчу белхахошна корматалла Iаморехула а хьашташ кхочушдарна пачхьалкхан кхо контракт хIоттийна хилар. Амма оцу контрактийн проекташ тIехь билгалдаьхна дац «Пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташна кхачоярхьама сурсаташ, белхаш, хьашташ эцаран декъехь контрактан системин хьокъехь» долчу Федеральни законаца билгалдаьхна хьелаш.
ДIабаьхьначу талламан жамIашкахула кIоштан прокуратуро учрежденин даржехь волчу белхахочунна дуьхьал, РФ-н КоАП-н 7.30 статьян 4.2 декъаца нийса а догIуш, 3 гIуллакх долийна административни бакъонаш талхоран хьокъехь.
Цуьнца цхьаьна учрежденин хьаькамна тIедожийна билгалдаьхна кхачамбацарш дIадахар.
Къоман проекташ муха кхочушйо?
Нохчийн Республикин прокуратурехь дIаяьхьначу ведомствошна юкъарчу белхан тобанан рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира къоман проекташ кхочушъярехь бакъонаш талхорна дуьхьало яран гIуллакхаш.
Кхеташонехь къамел динчу регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима билгалдаьккхина ма-хиллара законан лехамашна кхачояран, пачхьалкхан а, гражданийн а хьашташ лардаран Iалашонца терго латторан органаша хаддазчу тидамехь латтадо РФ кхиаран коьрта некъаш билгалдохуш йолу къоман проекташ кхочушъярехь терго латтор санехь хилийтаран гIуллакхаш.
Оцу гIуллакхашца йоьзна докладаш йира регионан прокуратурин федеральни законодательство кхочушдарна тIехь терго латторан отделан белхахоша а, МогашаллаIалашъяран, Автомобилийн некъийн, ГIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министерствийн векалша а.
Тидам тIебахийтира республикехь къоман «МогашаллаIалашъяр», «Демографи», «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш», «ХIусамаш а, гIалин хьал а», «Экологи» аьлла йолу проекташ кхочушъярехь хиллачу жамIашна.
Ведомствошна юкъарчу белхан тобанан куьйгалхочо тидам тIебахийтира къастийна цхьалхадаха дезаш долчу гIуллакхийн мехаллина, тIедиллира къоман проектийн Iалашонаш кхочушъярна ницкъаш тIебахийтар.
Йийцаре йинчу докладашкахула терго латторан цхьамогIа гIуллакхаш кхочушдар билгалдина.
Уьш кхочушдар республикин Прокуратуро шен тидамехь латтор ду.
Стаг кхалхарх дерг ца къаьстина
Шелковски кIоштан прокурора Ясуев Рустама дакъа а лоцуш, дIаяьхьначу суьдан кхеташонехь къастийра шен хIусамда Д. кхалхар чIагIдар доьхуш меттигерчу яхархочо Т. яздина заявлени.
Суьдехь билгалдаьлла махиллара, 2015-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Д. дIавахана, герггарчу хьесапехь, Москван областе. ХIетахь дуьйна иза мичахь ву ца хаьа.
ТIаьхьо гучуделира федеральни законаца билгалйина йоцчу герзаца кечъеллачу тобанна иза юкъавахана а, кхечу пачхьалкхан махкахь герзаца кечъеллачу тобанехь дакъалаьцна а хилла хилар, цунна дуьхьал, РФ-н УК-н 208-чу статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш, уголовни гIуллакх долийна хилар.
Таламан органаша цкъа хьалха федеральни, ткъа цул тIаьхьа дуьненаюкъарчу розыске велира иза. 2015-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна Д. мичахь ву хууш цахиларна, стаг кхелхина лара законаца хIоттийна хан чекхъялаза а хиларна, прокурора тIедиллира заявлени жоп доцуш дитар.
Суьдахо резахилира прокурораца: Д. кхелхина ца лерира.
Хан тоьхна
Бакъо йоцуш герзан гIирсаш Iалашбарна а, лелорна а (РФ-н УК-н 222-гIа статья, 1-ра дакъа) С.Тамерлан бехкевеш лелийначу уголовни гIуллакхан гIолаьцна Соьлжа-ГIаларчу Ленински кIоштан прокуроран гIоьнчас–пачхьалкхан бехкевархочо Бисултанов Хьаьжас.
Суьдехь гучуделира Тамерлана бакъо йоцуш тIеман герзан 16 патарма Iалашбеш а, лелош а хилла хилар. Уьш цуьнгара полицин белхахоша схьадехира оперативни-лахаран гIуллакхаш дIахьочу хенахь.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачуьнца резахилира суд. Цуьнгара даьллачу зуламна бехке лерира Тамерлан.
Дерриге а хьелаш хьесапе а эцна, цунна чIогIачу рожан товаран колонехь яккха 1 шо хан туьйхира.
Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю.
Нохчийн Республикин прокуратурин сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№87, лахьанан (ноябрь) беттан 15 де, 2019 шо