«Тереко» цецъяьккхира «Спартак»

3_13c91600

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 27-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь цхьаьнакхийтира Москварчу «Спартакца».

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Ф.Кудряшов, А.Семенов, Родолфо, И.Лебеденко (А.Аилтон, 79), Ж.Маурисио, В.Адилсон (Ф.Пириз, 65), О.Иванов, Д.Кузяев, Р.Кану, (И.Айссати, 43), А.Мбенгуе.

Хьеший: А.Ребров, Д.Комбаров, Е.Макеев, С.Паршивлюк, С.Таски, Д.Глушаков, Ромуло, К.Чельстрем (Ю.Мовсисян, 60), К.Промес, В.Кротов, (Дж. Ананидзе, 85), Д.Давыдов (Х.Хурадо, 46).

Коьрта суьдхо Мешков Виталий (Дмитров).

Соьлжа-ГIалара Премьер-лиге хьалаяьллачахьана Москварчу «Спартакаца» шайн цIахь ялхазза  цхьаьнакхетта«Терек». Царех еа матчехь толам баьккхина вайн республикин коьртачу командо. Шозза эша а эшна. Соьлжа-ГIалахь царна юкъахь хиллачу ловзаршкахь цкъа а очкош екъна яц. Ткъа тIаьхьарчу шина матчехь «Ахмат-арена»  стадионехь нохчийн футболисташа толамаш бехира. Ишттачу статистике хьаьжча, вайн болельщикийн таро яра шайн дукха дог лезна йолчу командо толам боккхург хиларе сатийса. Цул сов, Россехь уггаре а тоьллачех йолу «Ахмат-арена» схьайиллина диъ шо а кхечира оцу дийнахь. Цундела соьлжагIалахой шозза декхарехь бара оцу цхьаьнакхетарехь толам баккха.

Хьалхарчу тайман пхи минот чекхъялале матчехь билгалвала герга вара Маурисио Жозе. Амма цо тоьхна буьрка хьешийн кевнна масех сантиметр уллехула елира. Цхьатерра ловзура командаш. Шина а агIор гол тоха герга а бара. Бакъду, счет схьаелларе болельщикийн эха сохьтехь хьежа дийзира. Билгалваьлларг вара Кротов Вячеслав. Цо шега Паршивлюк Сергейс елла буьрка чу туьйхира. Цул тIаьхьа соьлжагIалахоша шайн кхераме тIелатарш дIадолийра. Царна лаьара шаьш садаIа бахале счет дIанисъян.

Бакъду, коьрта суьдхо реза вацара оцу гIуллакхна. Цо тайм чекхъяла пхи минот йисинчу хенахь, Иванов Олегна цIен карточка гайтира.

Кану Рубенильсон а лазийра садаIа бахале. Боьхна ловзура соьлжагIалахой. Серлонан табло тIехь догуш 0:1 долуш, садаIа яхара командаш. ШолгIачу таймехь а изза сурт гарна кхоьрура вайн болельщикаш. Амма «Терек» ша Мадридера «Реал» санна ловзуш яра. 49-чу минотехь Лебеденко Игора шега дукха дика елла йолу буьрка кевнна чу туьйхира Мбенгуе Аблайс. Цул тIаьхьа пхи минот ялале оцу матчехь шолгIа гол туьйхира Мбенгуес. Футболист «Спартакана» юккъера дIаваьккхина волуш санна паргIат ловзуш бара соьлжагIалахой. Амма ц1еххьана динчу цхьана т1елатарехь хьешийн тIелатархочо Промес Квинсис счет дIа  нисйира. Иза 75-чу минотехь хилира. Матч чекхъяла иттех минот йисинчу хенахь юкъаваьллачу Аилтон Алмейдас 90-чу минотехь цхьаьнакхетарехь кхоалгIа дог дохийра хьешийн вратаран Ребров Артеман. Цул тIаьхьа оццу Аилтона кхин цхьа буьрка тохарца матчехь боккха тIадам хIоттийра – 4:2. Ишттачу ловзаро цецъяьккхира «Спартак».

А.АБДУЛАЕВ  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: