Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хилира гоьваьллачу динан гIуллакххочун, шайхан Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цIарах Соьлжа-ГIаларчу Мичуринан поселкехь исламан туш ечохь.

Цига воьдуш, Кадыров Рамзанца цхьаьна вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Эдильгириев Амрудди, республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа.
«Шеца иттаннаш эзарнаш ламаздечарна маьждиг а долуш, уггаре а яккхийчарах Iилманан-серлонан комплекс ю иза. Туш кечйина хир ю дешаран кабинеташца, гIуллакхаллин чоьнашца, исламан литературица, хьадисаш талларехь бинчу белхашца. Кхузахь, дуьненан уггаре а лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьа йиш хир ю конференцеш, цхьаьнакхетарш, гуламаш. Карарчу хенахь гIишлошъярхой гонахара пенаш дотта буьйлабелла. Оьшучу гIирсашца юьззина кхачойина царна. Тешна ву шайхан Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цIарах йолу исламан туш бусалбанийн дуьненан дозалла хилла дIахIуттург хиларх. Сийлахь-Воккхачу АллахIа гIо дойла вайна цу тIехь», – яздира Кадыров Рамзана ВКонтактехь йолчу шен агIонехь.

Иштта, Къилбаседа Кавказан хьалхарчу имаман Шайх Мансуран цIарах маьждиг долчу Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртахь а хилира республикин Куьйгалхо.
«Дукха хан яра и маьждиг тодан деза. Соьлжа-ГIалин мэрана Закриев ИбрахIимна а, Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана а тIедиллина ас и гIуллакх къастийна цхьалхадаккхар. Ахча Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо хуьлуьйтур ду», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Д.ХАНУКАЕВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 19 де, 2019 шо