«Дайн лорах» пресс-туран дакъалацархой – ГаланчIожан кIоштахь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца дIахьош йолчу Республикин «Дайн лорах» пресс-туран IV-чу декъан гурашкахь журналисташ а, блогерш а ГаланчIожан кIоштахь хилира.

70 сов шарахь нохчашна бахаховша йихкина хилла йолчу оцу кIоштахь меттахIотторан белхаш бу дIахьош.

Кхеташ ма-хиллара, уггаре а коьртаниг некъ бу. Цуьнца нийса а догIуш, карарчу хенахь, тобеш а, шорбеш а бу 97 км йохалла йолу «Буммат – Ялхара – Роьшни-Чу» некъ.

Дагадаийта догӀу оцу некъаца хотталуш 3 кӀошт хирг хилар: Соьлжан, ГаланчӀожан, Хьалха-Мартан.

Цул сов, билгалъяьхна меттахIитто лерина ярташ, токан а, газан а, интернетан а асанаш йигаран маршруташ а къастийна.

И дерриге а теллина шаьш бевлича, журналисташ а, блогерш а ГаланчIожан Iома тIехь а, ша ГаланчIож юьртахь а, иштта, Бенойн юккъехь а, Пешхахь а, Нашхахь а, Хьайбахахь а хилира.

Хазахеташ ду, нохчийн къоман ламаст а хилла схьадогIуш ма-хиллара, юрт, гIала я шахьар юьллуш, дуьххьара маьждиг догIаран Iадат, денъяла леринчу ГаланчIожахь а, Пешхахь а, Хьайбахахь а, лардина хилар.

Еккъа цхьа Хьайбах схьалаьцча, карарчу хенахь, цигахь жигара дӀахьош бу тӀеман 1 бӀов а, чохь Ӏен 2 гӀала а меттахӀотторан белхаш. Нохчийн халкъ махках а доккхуш, 1944-чу шеран къизачу хиламца евзаш ю Хьайбах дуьненна а – цхьана Хьайбахара а, лулакуларчу кӀотаршкара а 700 сов адам дагийна цигахь Сталинан хьадалчаша.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дӀадолорца нийса а догӀуш, цигахь бакъдуьнена берзар кхаьчначу нахана иэсан хӀоллам а хӀотто лерина цигахь тӀейогӀучу хенахь.

ГаланчIожахь, лакхахь билгалдаьккхина маьждиг меттахIоттийна ца Iаш, ширачу кешнашна гуо бан а болийна.

Пешхахь маьждиг а, чохь Iен 2 гIала а меттахIоттийна.

Делахь а, оцу йоккхачу кIоштахь къаьсттина шена тIе ойла ерзош бу ГаланчIожан Iам. И Ӏам, Веданан кӀоштара Къоьзан Ӏам санна, дуьненахь а, гӀарабаьлла бевзаш бацахь а, нохчийн халкъан кхетамехь а, фольклорехь а къаьсттина меттиг дӀалоцуш бу. Ӏоман гуо 1 км гергга бу, ткъа кӀорге – 35 метр.

Цкъачунна, кхийолчу кIошташкахь санна, инфраструктура цахиларца доьзна, ГаланчIожан кIошт бахархошна а, туристашна а гIараяьлла евзаш яцахь а, цхьа а шеко йоцуш, тIедогIучу шерашкахь, лакхахь хьахийна некъан белхаш дIа а бирзина, мобилан зIе ерриге а кIоштахь болх бан йолаелча, Нохчийчоьнан туризман туш а хилла дIахIуттур йолуш ю и кIошт.

И.ИСЛАМОВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: