Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт йина дукха хан яц. И хийцам хилла масех бутт баьлла. Нохчийн мотт безачарна, цуьнан кханенна саготта болчарна боккха кхаъ хилира институтан цIе хуьйцуш, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима шен омранца институтан керла цIе тIечIагIйича.

Нохчийн маттаца доьзна дерг хьоме а, деза а долчу нахана хазахетта и хийцам хилла. Вайн заманахь, дуьнен чуьра дIадовлучу меттанашна юкъахь нохчийн мотт а бу аьлла, кхерам болчу муьрехь, вайниг санна шатайпа мотт а, культура а йолчу къомана оьшуш яра Нохчийн мотт кхиоран институт.
Институтан керлачу декхарех а, Iалашонех а лаьцна тхоьца къамел хилира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директоран Умхаев Хьамзатан.
– Хьамзат, ахь куьйгалла дечу Дешар кхиоран институтан цIе Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт аьлла хийцина, тIаккха и цIе хийцарца институтан керла декхарш, Iалашонаш, белхан дIахIоттам муха хир болуш бу?
– ТIаьхьарчу хенахь нохчийн маттах а, вайн историх а дукха дийца даьккхина дуьненахь. Вайн мехкан куьйгалло а цунна тидам тIебахийтарца доьзна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министраца Байханов ИсмаьIалца дагаволура со, нохчийн мотт кхиоран а, талларан а гIуллакх мелла а кIорггера хилча дика хир дара олуш. Тхайн дог-ойла цхьаьнайогIуш карадора. Керла институт кхолла а ца езаш, вайн институтан болх кхин а кIорге йолуш, генна стратеги йолуш нисбичахьана долуш дара. ИсмаьIала сагатдина ца хилча, иза иштта нисделла а хир дацара. Нохчийн мотт а, истори а Iамор, таллар коьрта Iалашо йолу институт оьшуш яра вайна.
Цул сов, нохчийн мотт Iамийна ца Iаш, цуьнца дозаделла, цунна гонаха дерг кхиор а, масала, нохчийн гIиллакх-оьздангалла, фольклор, топоними, аномастика, меттигийн цIераш, диалекташ, дакъош таллар.
Диалекташ бохург вайна чIогIа мехала ду, хIунда аьлча, нохчийн меттан шорто гойту диалекташа. Диалектикин декъехула бина белхаш бу вайн. Амма кхачам боллуш бина бац, вайн хIинца дуьйна оцу декъехь леррина болх ца бахь, и мотт буьйцуш болу баккхий нах а дIабовлуш лаьтта. Цундела, уггаре а хьалха, фонотека олу болх дIаязбина, и болх бина охьабиллича, кханенна бух хир бара.
Хьалха, Дешар кхиоран институт йолчу хенахь, Iалашо хIун яра? Школашкахь болчу хьехархошна оьшуш йолу коьчалш латтор а, Iаматаш я гIо-Iаматаш хилийтар а яра. Нохчийн меттан Iаматашца йина ца Iаш, математикин, физикин, оьрсийн меттан Iаматашца кхачояр а яра. Ткъа хIинца нохчийн моттий, историй, цаьрца доьзна долу кхидолу Iилманийн дакъошкахь белхаш бар хир долуш ду коьрта.
Цул сов, вай дукха дийцина дара юьхьанцарчу классашкахь долу дешар ненан маттахь хьехар. Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь 10 лаборатори ю. Царах цхьаъ полилингвальни-поликультурин модель олу кеп юкъаялорна тIехь къахьоьгур долуш ю. ХIирийчохь, ГIезалойчохь, Башкортостанехь пайдаоьцуш ю и модель. Оцу моделаца юьхьанцарчу классашкахь долу дешар шайн ненан маттахь хуьлу, юха, 5-чу классехь дуьйна, оьрсийн маттахь хьехар алсамдоккхуш, цул тIаьхьа дешар оьрсийн маттахь дIахьо. Кхузаманахь йолчарех гIолехь карийна ю ХIирийчохь йолу полилингвальни дешаран кеп. Масех школа ю оцу моделаца доьшуш. Аланера гимнази а, ГIезалойчуьра гимнази а ю. Вай долчохь и модель юкъаялорна оьшуш болу кечам бан Iилманан лаборатори ю вайн хир йолуш. ХIинцале а, 1-чу классан математика нохчийн матте яккха йолийна, тIаккха «Гуонахара дуьне» олуш йолу предмет нохчийн матте яккха йолийна, иза чекхъяьлла лара мегар долуш белхаш бина цу тIехь. И ши Iамат кестта кечйина ер йолуш ю. Юьхьанцарчу классашкахь оьрсийн маттахь йолу коьрта ши предмет ю и шиъ. Кхийолу предметаш, масала суртдилларан, эшаршлакхаран дарсашна оьшуш йолу Iаматаш а кечйийр ю.
– Хьамзат, институтехь болх беш 10 лаборатори хир ю элира ахь. Царах лаций а дийцахьа.
– Уьш дера ю лексикографин, терминологин, нохчийн меттан, барта кхоллараллин, ламасталлин культурин а, этикин а, нохчийн исбаьхьаллин литература гочъяран а, анимацин (мультфильмаш кечъяран), шира а, юккъерчу а бIешерийн историн, историн-географин, музейн, мохкбовзаран, керлачу историн лабаратореш.
Цул сов, топонимин, аномастикин, диалектологин лаборатореш ю вайн. Вуьшта, уьш Iилманан лаборатореш ю, цул сов, Iилманан-методикин 4 лаборатори ю. Уьш вайн нохчийн меттан Iаматаш, дешаран гIо-Iаматаш, кхиболу гIирсаш кечбеш лаборатореш ю.
ОГЭ а, ЕГЭ а экзаменаш дIалуш бу вайн дешархой 9-чу а, 11-чу а классашкахь. Дешархошна а, хьехархошна а гIоьнна коьчалш вовшахтухуш, конкурсаш кечъеш, сценареш язъеш лаборатори а ю вайн.
Ас ма-аллара, полилингвальни, поликультурин дешаран модель юкъаяккхаран лаборатори а ю. Иштта, нохчийн меттан «Урок–95» аьлла интернет-портал а вайн институтана юкъайогIуш хир ю.
Нохчийн мотт Iамо лаам болчарна гIоьнна кхоьллинчу оцу порталехь вайн республикин нохчийн меттан тоьллачу хьехархоша видеоурокаш кечйо.
– ТIаккха, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь хаддаза дуьйцуш хуьлура нохчийн йозанан меттан нийсаязъяран (орфографин) бакъенаш тоян еза бохург. Нохчийн йозанан мотт кхиорехь боккха кхиам бу, хьо куьйгаллехь волуш, вовшахтоьхначу белхан тобано и гIуллакх цхьана хорша дерзийна хилар. Орфографин бакъенаш нисъярца цхьаьна, орфографин дошам а арахецаран Iалашонца дIахьочу балхах лаций а дийцахьа.
– Суна дага а догIуш, советийн заманахь дуьйна а дуьйцуш дара орфографин бакъенаш нисъян еза (реформа ян еза) бохург.
Дадаев Лоьма дешаран министр волчу хенахь а министерствехь комисси кхоьллира, юкъахь тоьлла Iилманчаш а болуш. И болх чекх ца белира. ТIаьххьара а нохчийн орфоргафин бакъенаш нисъян еза аьлла карзахдаккхар, вайна ма-хаъара, школашна кечйинчу Iаматашна тIехь гIалаташ карон а доьлла, цунах дерг вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а хиъна, цо и гIуллакх иштта дуьтийла яц аьлча, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Байсултанов Идрис куьйгалле а хIоттийна, Республикин Куьйгалхо волчохь Нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а кхеташо кхоьллира.
Идриса ша волччохь вовшахтуьйхира белхан тоба. Оцу белхан тобано 3 баттахь болх бира бакъенаш нисъярехь. Ала деза белхан тобанна юкъахь тахана вайн махкахь нохчийн меттан декъехь къахьогуш болу тоьлла Iилманчаш хилар. Масала, Овхадов Муса, Халидов Муса, Вагапов Iаьрби, Ирезбиев Сайд-Хьамзат, Бадаева Iайшат, Абдулкадыров Адам, Iилманчаш хилла ца Iаш, нохчийн журналистикин ветеранаш, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ Дадаев Сайд-Хьасан а, Аболханов Хьаьким а, яздархойн а, юкъараллин гIуллакххой а.
КIиранах шозза а, кхузза а цхьаьнакхеташ, хIора а бакъе йийцаре еш, хIорамма а шена хетарг къовсуш, дукха чIогIа яккхий дискуссеш хуьлуш, 3 баттахь болх бина белхан тобано.
Суна цхьа мехала хIума билгалдаккха луур дара кхузахь. Юьйцуш йолу орфографин бакъенаш керла хIиттош бакъенаш яцара, уьш, хьалха (Дала гечдойла царна) Джамалханов Зайндис а, Мациев Ахьмада а вайн нохчийн халкъ Казахстанан, ГIиргIизойн мехкашкара цIадирзича, 1958-чу шарахь хIиттийначу бакъенийн бух дIанисбеш бина болх бара иза.
Нисдан дезаш дуккха хIуманаш а хиллера, хилча бехк а бацара. Джамалханов Зайнди дешна, кечвина Iилманча вацара. Цунна Дала деллера вайн мотт хаар а, иза бовзар а.
Зайндис а, Ахьмада а дуьххьара бина бара нохчийн йозанан орфографин бакъенаш хIитторан болх. Дуьххьара деш долу гIуллакх кхачамбацарш доцуш хуьлийла а дац.
Бакъенийн система йира. Система ца йича, цхьанхьа мегар ду аьлла дитинарг, кхечу меттехь ца догIуш нислуш а хуьлура. Боккха болх бира бакъенийн система еш. И болх Байсултанов Идрисе дIакховдийра. Юха кхин цкъа а вовшахтоьхначу кхеташоно тIеийцира бакъенаш. ХIинца Республикин Куьйгалхочун Администраце дIакховдийна вай и болх.
Иштта, нохчийн меттан орфографи нисъяран гIуллакх лаккхарчу тIегIанехь чекхдаьккхича кхачо хир йолуш, чаккхе хир йолуш а хир ду аьлла, Кадыров Рамзана къобалдаре сатуьйсуш Iаш ду.
– Хьамзат, вайн тахана йолуш йолу дошам юха зорбане йоккхуш ю аьлла а хезна тхуна. Цхьаверг нисло, ерг тоьаш яра, керланиг яккха ца оьшура олуш. Орфографин дошамах лаций а алахьа?
– Орфографин бакъенаш нисъяран болх иштта бархьама беш бацара вай. Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам арахецар шолгIа Iалашо йолуш беш болх бара иза.
Оцу тIехь болх дIаболийна а бу, орфографин бакъенаш нисъярехь йолчу кхеташонехь хилла болу Iилманчаш а бу цунна тIехь къахьоьгуш. ХIора кIиранах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтехь цхьаьнакхеташ ю дошамна тIехь къахьоьгуш йолу белхан тоба. Болх дика дIа а болийна, Дала мукъ лахь, кхидIа тхан Iалашо хIун ю аьлча, Дала аьтто бахь, юха шарахь, Нохчийн меттан де тIекхочуш, керла тойина орфографин дошам зорбане яккхар ю!
Нохчийн меттан денна леринчу даздаршкахь совгIаташ дIалучу юкъанна вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хоьттуш хиллера нохчийн маттахь маса дош ду бохуш.
Вайн маттахь дешнаш дуккха ду аларе цо сатесна хиллийла а хаьа вайна. Вайн масех дошам ю нохчийн меттан: оьрсийн-нохчийн а, нохчийн-оьрсийн а (Мациев Ахьмада вовшахтоьхна зорбане яьккхинарг а, Карасаевс араяьккхинарг а). Оцу шина а дошамна тIехь ткъаткъа эзар дош ду, хIинца дIахьажча, дошаман статья ша билгалйина ца Iаш, цуьнан кепаш а ягаръян воьлча, вайна боккха юьхькIам болуш, дуккха а дешнаш юкъадогIур долуш дика, чулацаме дошам хир ю аьлла хета оха зорбане йоккхур йолу нохчийн меттан орфографин йоккха дошам.
– Хьамзат, Нохчийн меттан де билгалдаккха долийчахьана дуьйна а, уггаре а боккха болх а, кхиам а бу аьлла хета суна аш хIокху тIахьарчу эхашарахь орфографин бакъенаш нисъярна тIехь а, дошам карлаяккхарна тIехь а беш берг. Доцца аьлча, тIаьхьалонна а маьIне болх бу бинарг. Ткъа Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан болх кхидIа а пайдехь дIабахьийта хIун оьшура шуна?
– Институтан болх а, муьлхха а Iилманан декъехула беш болу болх а санна, алссам харжаш яр оьшуш бу. Финансировани алсамъяккхар а ду коьрта, шолгIа делахь, вайн Iилманчаш а бац вайна тоъал. Болуш болчу Iилманчашна кхачоян а тоьаш яц финансировани. Вайн республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала хIара институт Нохчийн меттан а, историн а хилча, иза коьртачу тидаме а эцна, шега и гIуллакх нислур ду аьлла хета шена аьлла, дегайовхо кхоьллина тхан.
Институто, йоццачу хенахь, бина болх гича, хIара хилар оьшуш дуй хиъча, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а гIо дийриг хиларх тешна ду.
Вайна хууш ду, Рамзана нохчийн меттан а, культурин а сий лакхадаккхаран Iалашонца мел гIуллакхаш дойту, мел яккхий харжаш йойту.
Цкъачунна институтан шен меттиг, шен хIусам яц. Ханна аьлла, Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан гIишлонан тхов кIел ду тхо. Ткъа хенан йохалла шен хIусам а, шен хила ма-деззара кхузаманан лехамашца долу хьелаш а хилча дика хир дара институтан.
Сайн ницкъ ма-кхоччу къона Iилманчаш бу ас институтан балхана юкъаийзош. Вайн махкахь нохчийн маттаца болх беш гIараваьлларг схьалохуш, балха кхойкхуш, цул сов, институтан белхахоша вийцарца хаавелларг а, хьакъ велахь, схьаоьцуш, вовшахтоьхна институтан коллектив.
Сан Iалашо ю нохчийн маттаца болх бан хууш болу нах, нохчийн мотт безаш болу нах цхьаьнатохар. Шайн рицкъ долччул болх бийр бу цара а, ас а. Бина болх бовр бац, иза йозанехь буьсур бу. Тоххара, советийн заманахь а яра Меттан а, литературин а, историн а Iилманан-талламан институт. И санна институт хиларе сатуьйсу кхунах. Юха а, къастош, ала лаьа суна, со воккхаве нохчийн матте шовкъ йолуш къона Iилманчаш тахана хиларх.
Цул сов, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Байсултанов Идрис нохчийн меттан хиндолчун бала кхочуш, дог лозуш хилар а чIогIа тайна тхуна массарна а. Цо ша делла дош кхочуш а до, шена тIедаьхьначу гIуллакхах кхеташ а хуьлу. Иза дика накъост хиллера. Институто бечу балхана боккха аьтто хилла Идрис нохчийн мотт безачех а хилла.
Ас цуьнга юьхьанцарчу классашкахь дешар нохчийн маттахь хила дезарх дерг хьахийна, луларчу хIирийн махкахь дерг масална а далош. Цигара еана дешаран программаш а, Iаматаш а гайтина. И санна ерш нохчийн маттана кечйийр ю аьлча, хазахетта вара иза.
Нохчийн мотт биса а, баха а, кхиа а лаахь, вайн кхин довла меттиг яц. Коьртаниг – вайн хьаькамаш нохчийн амалехь хилар, нохчийн къоман хIуманах дог лозуш хилар ду. Уггаре а коьртаниг: и гIуллакх дан дезий, хийцамаш бан безий вайн Iедалан векалш хууш бу. Иза ду, мел хала Iалашо а кхочушъялур йолуш, вайн аьтто беш дерг.
Вайн махкахь бу боху Iилманчаш бу Нохчийн мотт кхиоран институтехь болх беш. Ас лакхахь ма-аллара, къона Iилманчаш кхайкхина балха. Уьш бу: Бадаева Iайшат, Абдулкадыров Адам, Халикова Асет, иштта, исбаьхьаллин литературин гочдархо, яздархо Петирова ПетIамат, мультипликатор Шамилов Сахьаб, кхиберш.
Делан къинхетам бу къоначеран могIарехь нохчийн маттаца бала болуш дуккха а кегийрхой хилар. Аспирантурехь, нохчийн меттан декъехула Iилманан белхаш а беш, доьшуш а хилла вайн шортта кегийрхой. Мел доккха хIума ду иза вайн республикина.
Шайл хьалхарчу могIарехь болчу Iилманчийн зеделлачух пайда а оьцуш, цара къахьегахь, нохчийн мотт кхиорехь вайн кхиамаш хир бу. Коьртаниг – шен къоман мотт безаш хилар ду.
Ницкъ кхочург дийр ду вай, Дала мукъ лахь!
– Хьамзат, хьуна гуонаха нохчийн меттан Iилманчаш хилла ца Iаш, Даймехкан а, меттан а патриоташ а бу. Вайна дага а догIуш, нохчийн маттаца болх беш болу Iилманчаш, яздархой, журналисташ, кхоллараллин нах, иштта, тхов кIел цхьаьна нисбелла, болх бар хилла дацара цкъа а. Догойла цхьаьнайогIуш хилча болх дIабоьду. Вайн халкъана а, махкана а беркате йойла Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт. Доккха хIума ду вайн заманахь иштта институт хилар. Дела реза хуьлда чулацаме къамел дарна! Тхо, «Даймохк» газетан белхахой, шун гIоьнчий ду-кх шуна.
Интервью дIаяьхьнарг – ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 19 де, 2019 шо