Дудаев Ахьмад: …Бакъдерг дIагайтар, дийцар вайн сийлахь декхар ду

1996-чу шарахь дуьйна, кху дерриг дуьнено а, Телевиденин дерригдуьненан де ду аьлла, билгалдоккхуш ду лахьанан беттан 21-гIа де. Телевидени, муьлхха а къоман, пачхьалхан дахаран коьрта куьзга хилла лаьтташ хиларал сов, уггаре а хьалха, пачхьалкхан, Iедалан шен бахархошца йолчу юкъаметтиган тешаме тIай а хилла дIахIоьттина тахана. И декхарш кхочушдеш, тахана телевиденино а, цуьнан журналисташа а беш инзаре боккха болх а бу хIокху дуьненахь.

Цунах а, иштта телевиденин коьртачу балхах а лаьцна тхан къамел хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Зорбанан а, телевиденин а декъехула волчу гIоьнчица, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директорца Дудаев Ахьмадца.

– Ахьмад, хууш ма-хиллара, Телевиденин дерригдуьненан де ду тахана. Ткъа хьо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча хиларал сов, вайн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин директор а ву. Цу дезачу дийнах а, шаьш бечу балхах а хIун эр дара ахь?

– Суна уггаре а хьалха, оцу дезачу денца, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, иштта, вайн махкарчу телевиденица гIуллакх а, бала а мел болуш волу вахархо а декъалван луур дара.

Инзаре боккха а, хIокху дуьненна оьшуш а болх бу телевиденис таханлерчу дийнахь бийриг. Ткъа и болх адамашна пайденна а, тIекхуьу къона чкъор кхетош-кхиорна тIехьажийна а беш белахь, оцу белхан мах бан а бац! ХIокху дуьненахь дуккха а ю телеканалаш. Оьшуш ерш а ю, цаоьшурш а ю, диканаш а ю, вонаш а. Иштта доцуш хир а дац.

ХIора а телеканалан шен Iалашо а, шен некъ а, ша лелош цхьа гIуллакх а хуьлу, цунна дола деш верг мила ву хьаьжжина. Дуьне мел ду телевиденех пайда а оьцуш, вонаш дан а, адамийн барт бохон а, церан кортошка вон а, сингаттаме а ойланаш кхолла араваьлларг зуламхо ву, цо дийриг доккха зулам а ду.

Оцу декъехь белхаш беш йолу телеканалаш дIакъевлича а, дIаяьхча а, адамашна дика, пайдахилар доцург, цхьа а зен хир дац.

Дала мукъ лахь, хIокху дерриге а дуьнено, жим-жима беш, лакхахь хьахийна зулам дIадаккхаран декъехь ца бича ца болуш болу и болх а бийр бу аьлла, дегайовхо ю-кх сан!

– Дала мукъ лахь! Ахьмад, айхьа куьйгалла дечу «Грозный» телерадиокомпанис бечу балхах лаьцна а, оцу телерадиокомпанин шен хьокъехь а хIун эр дара ахь?

– Вайн телевидени, Дала мукъ лахь, де а, буьйса а, Iа а, бIаьсте а ца лоьруш, Даймехкан – Нохчийчоьнан сирлачу кханене болчу некъа тIехь къахьоьгуш волчу вайн мехкан Куьйгалхочунна тешаме накъост хилар шен коьрта къилба а дина, къахьоьгуш ю!

Вайна массарна а хууш долуш, Нохчийчоь уггаре а сирла, уггаре а машаре, цIена хилийтарехьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас бина некъ дIабахьарехь, вайн къомо а, мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а дийриш тIехдаккхий гIуллакхаш ду.

Цу тIехь вайн мехкан Куьйгалхочунна тешаме накъостий а хилла, цу некъа тIехь Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна накъосталла дар, еккъа цхьана телевиденин а, кхузарчу белхахойн а хилла ца Iаш, хIора а бакъволчу нохчичун Iалашо а, декхар а ду.

Цунах кхеташ а, оцу декъехь къахьоьгуш а ву тахана вайн телевиденин а, газетийн а, кхиболчу хаамийн гIирсийн а мел волу белхахо.

– Вайн мехкан Iедало а, къомо а шен дахар тодарехь хьоьгуш долчу къинах ца кхеташ а я кхетташехь а, цхьаъ ала гIерташ, гуттар а эладитанаш даржош цхьацца нах хаало. Царна дуьхьал беш цхьа а болх буй вайн?

– Дела реза хуьлда, иза нийса билгалдаьккхи ахь! Ишттанаш а нисло тахана: вай дезарш а, цадезарш а, къоман цIарах леларш а, къомо неIалт аьлларш а, къомах боцурш а, шайн дахарехь цхьа а нохчи бIаьрга цагинарш а… Иштта кхидIа а масане хир бу уьш?!

Ма-дарра аьлча, баккъал а гIийла синош долуш адамаш ду уьш – телевизора чухула а, газетийн агIонашкахь а, интернета чохь а цхьацца эладитанаш дуьйцурш.

Ткъа шаьш нохчи ду а бохуш, нохчичун цIарах иштта къамел дийриш баккъал а нохчи бу, оцу нехан догIмашкахь нохчийн дегнаш ду ала а хала ду.

Нохчи, уггаре а хьалха, шен цIахь, шен Даймахкана гIуллакх деш хила веза.

Со кхета, цхьацца гIуллакх хуьлу, бахьана тIехIутту я рицкъ махкал арахьа а нисделла, дозанал арахьа вехарг хуьлу. Амма ишттаниг, массо а хенахь, шен махкахь долчу диканех воккхавевеш а, вочух дог лозуш а, шен Даймахкана чу са диллина а хуьлу.

Бакъволчу нохчичун ойла а, синкхетам а иштта хила а беза. Вайн къоман кIоргера синкхетам, къоман синмаршо, кхидолчу къаьмнашка болу безам, уьш ларар, и дерриге а лан ца луш, вайн республикин Куьйгалхочо хIокху къоман дуьхьа деш долу дика гIуллакхаш лан ца луш, шена билггал хууш доцчу хIуманийн буха тIехь цхьацца дуьйцург, эладитанаш даржориг зулам деш ву.

Ткъа ша вайн къомах ву а бохуш, нохчичун цIе а, ден цIе а лелош, амма, ведда, хIокху махкара а ваьлла, къомана а, махкана а, цуьнан куьйгаллина а цхьаъ ала гIертарг я цхьаъ дуйцург, баккъал а, нохчийн къоман мостагI хета суна, хIунда аьлча, иза, шен Даймахкана ямарт хилла ца Iаш, нохчийн лаьтта тIехь дIаьбоьхкина болчу шен дайшна доьгIначу чарташна а хьарам стаг волу дела.

Тахана, ша мила ву а ца хууш, хIокху махкана ша хIун дика дина а ца хьожуш, гена а ваьлла, вайн къам даха Iамориг а, мехкан куьйгаллина Iиттарш а еш, цхьаъ хьеха гIертарг а, «ХIай, стаг, хьо баккъал а нохчичух схьаваьлла нохчи мукъане а вуй? ХIун къамел ду ахь дийриг?», – аьлла, жоьпе а озош, шега хаьттича, «Со Iехавеллера… Со галваьллера… Ас кхин дуьйцур дацара харцдерг, къинтIера довлийша…», – бохуш, юха а ледара, осала къамел дан хIутту.

Цундела, ледара а, осала а хIуманаш дуьйцуш а ца лелаш, ара а ваьлла, шен Даймехкан – гуттар а халонашкахь, Iазапехь лаьттинчу Нохчийчоьнан – а, халкъан а дуьхьа къахьоьгуш долчу мехкан куьйгаллина накъост а хилла, къахьега декхар ву хIора а нохчи.

– Ахьмад, Дела реза хуьлда! ЦIена, дика къамел ду ахь дийриг. Ишттачара, доккхачу дуьненна а хьалха, нохчийн къомах волу стаг хьалхуо мила вара а, цуьнан мах хIун бара а хатта дезара шаьш-шайга.

– Дезара. Вайна дага ма догIу и дерриге а. Вешан цIахь а, цIахь доцуш а ма лелла вайн къам. Махкара араваьлларг-м стенна вуьйцура?! Нохчийчохь а Нохчийчоь лоьхуш, суьйре яьллачул тIаьхьа луларчу керта, шен ваша волчу, нана йолчу тIехIотта йиш йоцуш леллачунна тахана дицделла ша селхана мила вара а, тахана мила ву а.

Тахана Нохчийчоьнал арахь а, Россин дозанал арахь а вевза нохчи. Вевза вайн мехкан Куьйгалхочун цIарах а, цIарца а. Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан доьналла, комаьршалла, гIиллакх, адамалла ю массо а меттехь лелаш. Оцу гIиллакхаша схьабиллина вайн къомана массо а меттехь некъ.

Кхин хIун оьшу нохчичунна ваха а, диканаш дан а, адамашца дика хила а, шен къам а, Даймохк а беза а?! ХIумма а ца оьшу-кх! ХIетте а цунах ца кхеташ волу стаг синкхетам аьрта болуш ву аьлла хета-кх суна.

– Тахана дукха боккха болх бу вайн телевиденис а, газеташа а, хаамийн кхиболчу гIирсаша а нехан синкхетам кхиорна тIехьажийна беш. И болх ма-беззара бан вайн ницкъ кхочу аьлла хетий хьуна?

– Бакъ а долуш, боккха болх бу тахана нохчийн журналисташа бийриг. Ткъа вайн мехкан Куьйгалхочо къоман дахар тодарехьа бийриг кхин а боккха болх бу – цуьнан а дац я де а, я буьйса а, я садаIар а, я кIадвалар а.

Вайн гIаланаш, ярт аш, кIотарш тIемаша аьтта, саьлнашка эгийна хилла йолу, меттахIитторна тIехь болх а бина, уьш меттахIиттийча а вуха ца волуш, Нохчийчоьнан хIора лам, хIора гу, хIора Iин шен дахар, шен истори, шен бух болуш хиларх кхеташ, и дерриге а шен орамашка духадерзаре сатуьйсуш ву тахана вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Вайн декхар цо мел деш долу диканаш адамашн а дIадовзийтар, уьш дIадовзийтарал а сов, и дерриге а гуш болу вайн къонанаш ийман долуш а, къинхетаме а, хила ма-беззара нохчий болуш кхиор ду.

Дала мукъ лахь, и гIуллакх иштта, дан ма-деззара, кхочушдан гIертар, дан аьтто берг кхин а алсамдаккхар вайн нохчийн журналистийн Iалашо а ю, цу тIехь вайна мел оьшучунна тIехь накъосталла деш вайн мехкан Куьйгалхо а ву-кх.

– Дала мукъ лахь! Ахьмад, тахана хIун белхаш бу вайн телевиденис, нохчийн журналистико, мелла а тидам совбаьккхина, беш?

– Вайн коьрта Iалашо, вай лакхахь билгал ма-даккхара, вайн бахархошна бакъдерг дIадовзийтар ю. Иза ду тахана вайга вайн мехкан куьйгалло бохург а.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзана вайга ша хеставе а ца боху, доцург дуьйцуш, нах Iехабе а ца боху. Иштта иза дича, цо могуьйтур а дацара-кх вайна. Мелхо а, дерг дийца, цIена дийца, гайта, дIаязде боху цо вайга.

Сакхт долчу меттигана цхьа а тIе ма вала, шена схьагайта, болх бан ма-беззара беш цхьанхьа цхьа куьйгалхо вацахь, иза цуьнга дIаала, тIаккха а иза нислуш вацахь, шега схьаала боху.

ТIаккха вайна хIун хала ду иштта болх бан? Цхьа а хало яц-кх!

Цундела, тахана журналистикехь болх беш волу хIора а декхарийла ву ша баккъал а вайн мехкан Куьйгалхочун, вайн Нохчийчоьнан накъост велахь, мелла а дика, хьанал, цIена къахьега.

– ТIаьхьарчу хенахь лаьмнашка болу тидам алсамбаьлла вайн мехкан Куьйгалхочун. Ткъа вайн декхар, лакхахь ахь билгал ма-даккхара, цуьнан массо а болх дIагайтар ду. Оцу декъехь цхьа а гIуллакх диний нохчийн журналистико я хIун дан лерина ду вай?

– Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Хойхь дина къамел дагах ца кхеташ висина цхьа а нохчи хир ву аьлла ца хета суна.

Цул тIаьхьа, Итон-Кхаьллан кIошта кхачча а, цо Iалашонаш йовзийтира. Вайн мохк а, къам а, вайн лаьмнаш а, цигара бIаьвнаш а инзаре хаза, цIена, доьналле ю.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзана нийса билгалдаьккхира, шен лаьмнаш а дитина, кхечанхьа садаIа, шен дегIана цхьа синпаргIато лаха воьдург, баккъал а, синкхетаман цхьа агIо нийса йоцуш хила мега, аьлла.

Вайн къоман дерриге а хилларг, истори, къоман амалан бух бу цу лаьмнашкахь, и лаьмнаш санна, цIена а, онда а, лекха а лаьтташ.

Вай вешан бахархошна мадарра дIагайта деза и сурт, цигарчу Iаламан хазалла, цу тамашийна сирлачу меттигийн аматаш.

Шен Даймехкан лаьмнаш, лаьмнийн орамаш, цигахь баьхначу шен дайн истори ца евза къонаниг кханенна кхетош-кхион чIогIа хала хир ду. Цу Iалашонца болийна боккха болх бу вайн журналисташа дIахьош.

Лаьмнийн массо а кIошташкара хазачу меттигийн суьрташ дохуш, видеош еш къахьийгира вайн белхахоша, царна а доккха баркалла ала лаьа суна. Ткъа кхидIа, цу хIора а ломан, хIора а Iинан, цигарчу хIора а бIаьвнан истори, цунах вайн къоман иэсехь дисинарг бахархошна дIадовзуьйтуш болх бийр бу, Дала мукъ лахь!

Вай баккъал а нохчий делахь, нохчий а хилла, вайн Куьйгалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, дерриге а дуьненна дIа ма-гайттара, цIена диса лууш а делахь, иза хIора нохчичунна тIехь а ду.

– Мехкан Куьйгалхочо массо хенахь а Нохчийчоь, нохчий, нохчичун амал, нохчичун васт, нохчичун гIиллакх, нохчийн мотт буьйцу, цунах дозалла до. Муьлххачу къоман а мотт, меттан йоза оцу къоман коьрта билгало ю, оцу къоман шен историна, шен дайн амалшна тIе боьду коьрта некъ а бу.

Цундела иштта хатта догIу: мотт а, меттан йоза а вайн бахархошна юкъахь даржорехь хIун болх, хIун Iалашонаш ю нохчийн журналистикин а, пачхьалкхан телевиденин а?

– Нийса боху ахь иза. Шен маттехула бен кхуьур вац шен гIиллакхашна а, гIиллакхийн орамашна а тIе. Шен маттахь санна хаза а, кхетаме а уьш кхечу маттаца дийца а лур дац.

Цунна тIе доьгIна, мотт а, меттан йоза а кхиийтаран Iалашонца, уггаре а хьалха вайн Куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкахь дIакхайкхийна Нохчийн меттан де ду.

Телевиденешкахь а, газеташкахь а, журналашкахь а нохчийн маттахь йолу передачаш а, нохчийн маттахь йолу материалаш а совъяха езаш хилар вайна тIедиллина а ду цо.

КхитIе, тахана, Нохчийн Республикехь дехаш а хилча, нохчий а хилча вайн махкахь нохчийн яртийн а, кIоштийн а цIераш вайн маттахь хила езаш хилар а вайга схьааьлла, вай иза кхочушдарна тIехь тидам беш ду.

Къоман таханлера исбаьхьаллин литература кхиорна тIехьажийна долу литературин журналаш а, берийн журнал а арадала атта хилийтаран Iалашонца вай уш кхечу «новкъадаьхна», хIинца болх хила ма-беззара дIаболалуш а бу.

Вайн гIалин юккъехь а, кIошташкахь а, ярташкахь а цхьацца туьканийн, кхечу долахь йолчу меттигийн цIераш а бахархошка вайн матте яхийтарна тIехь беш болу болх а алсамбаьккхина тIаьхьарчу хенахь.

И дерриге а, шина тIамо, и тIемаш бахьана долуш хиллачу гIелоно мелла а шен маттана, меттан гIиллакхна генадаьккхина къам шен матте, меттан йозане дерзийна ца Iаш, хIора нохчичун ойла а нохчийн маттахь хилийтарна тIехьажийна ду.

Шен матта тIехь, меттан йозанна тIехь, цу маттахь ойла еш долу къам массо хенахь а шен дайн сийлахь, оьзда гIиллакхаш лардеш, кIезгаллашна тIе ца кхийдаш, вайн лаьмнаш санна, доьналле хирг хиларх тешна а ву вайн мехкан Куьйгалхо. Ткъа вай, вешан Куьйгалхочун а, хIокху къоман а тешаме накъостий хилла, къахьоьгур ду, Дала мукъ лахь!

Суна кхин цкъа а, Телевиденин дерригдуьненан денца, даггара декъалван луур дара вайн балхана гуттар а накъосталла деш волу вайн мехкан Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, иштта, телевиденица бала мел болуш волу хIора нохчи а.

Вайн хIораннан а сийлахь декхар ду вайн Даймехкан диканна а, вайн Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна а хьалха, ницкъкхочург а, цакхочург а деш, доггах, хьанал къахьегар, бакъдерг дIагайтар, дийцар.

Иза, Дала мукъ лахь, вай дан а дийр ду!

– Дала мукъ, лахь! Дела реза хуьлда, Ахьмад! Дала аьтто бойла!

– Амин! Дела реза хуьлда хьуна а! Дала аьтто вайн массеран а бойла массо а дикачу гIуллакхашна тIехь!

Б.МОВСАРОВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: