ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин транспортан министр Дитрих Евгений.
Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь хьаша тIеоьцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикин министерствийн, ведомствийн векалш а.
Россин транспортан министр хьаьжира Соьлжа-ГIаларчу Дуьненаюкъарчу аэропорте.

Цул тIаьхьа Гуьмсан кIоштарчу Гезлой-Эвлахь, Дагестан Республикин дозанна уллехь, даздаран хьолехь схьадиллира Яьсси хи тIехула тиллина долу тIай.
Цигахь дакъалоцуш вара Е.Дитрих, Федеральни некъийн агентствон куьйгалхо Костюк Андрей, Россин Федерацин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон некъан боламан кхерамазалла ларъяран Коьртачу урхаллин хьаькам Черников Михаил, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, кхиберш.
Дитрих Евгенийс билгалдаьккхира и объект Нохчийн Республикин а, ерриге а Къилбаседа Кавказан а транспортан инфраструктура кхиорехь мехала хилар.
– Республика доккха маьIна долуш ю, вайн пачхьалкхан дозанехь ю, кхузахула чекхйовлуш йолчу транспортан а, пассажирийн а, киранийн а яккхийчу тобанийн хьашташ кхочушдо аш. Цундела, и хьашташ кхин а дика кхочушдархьама вайна кхузаманан, керла некъаш оьшу, – элира министра.
Кадыров Рамзана некъашдахкархошна баркалла элира йоццачу хенахь а, лаккхарчу дикаллица а тIай тиллина далийтарна.
– Тахана вайн некъаш – иза Нохчийн Республикин юьхь ю, царах баккхийбебо республикин бахархой а, хьеший а. ХIара некъ хIинца чекхбаьлла, иштта, тобеш бу Гуьмсе гIалина гобоккхуш болу некъ а. Вай тешна ду, и некъ а билгалйинчу хенахь тобина бериг хиларх. Суна баркалла ала лаьа Россин Федерацин транспортан министрана Дитрих Евгенийна а, Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочунна Костюк Андрейна а вайн некъаш кхиоран гIуллакхашна даима тидам барна а, цу тIехь гIо-накъосталла дарна а, – элира Р.Кадыровс.
Дагадоуьйту, Гезлой-Эвлара тIай тилла долийнера дIадаханчу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь. ТIайн йохалла 227 метр ю, шоралла – 25 метр, локхалла 10 метр ю.
Р–217 «Кавказ» автомобилийн некъан 718-чу километрехь, Нохчийн Республикин а, Дагестан Республикин а доза къаьстачохь ду и тIай.
Дитрих Евгенийс куьйгалла а деш, «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочушъярехула кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Соьлжа-ГIалахь йолчу резиденцехь.
Кхеташонехь, иштта, дакъалоцуш вара Кадыров Рамзан, Костюк Андрей, Черников Михаил, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад, Хучиев Муслим, кхиберш.
Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин некъийн зIе кхиоран а, «Кхерамаза некъан болам» проект кхочушъярца а, «Соьлжа-ГIалин «Северный» аэропорт тояр а, кхин тIеяр а» инвестицийн проект кхочушъярца а доьзна долу гIуллакхаш.
Иштта, «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» некъан боламан кхерамазаллин къоман проект кхочушъяран гурашкахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун резиденцин кертахь, даздаран хьолехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцина 98 «Шкода Октавия» автомашен дIаялар.
I.МУРТАЗОВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 22 де, 2019 шо