Нунуев Сайд-Хьамзатан кхоллараллин лаккхара мах хадийра

IMG_0955

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь, Зорбанан цIийнехь дIадаьхьира  вевзаш  волчу  яздархочун  Нунуев  Сайд-Хьамзатан «Собаре  лаьмнаш», «На  стыке времен», «Слушать  совесть» книгаш йовзийтар. Иза  вовшахтоьхнера  Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Нохчийн Республикин  яздархойн  союзо а. Цхьаьнакхетар дIахьош яра  Нохчийн  Республикин  хьакъйолу  журналист  Газиева Аза.

Цхьаьнакхетаре  баьхкинера  Нунуев Сайд-Хьамзат вевзарш а, цуьнан  кхолларалла  езарш а. Яздархочун  книгех лаьцна шайн  хетарг  олуш, цуьнан кхоллараллин  мах хадош,  вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан  депутат  Дадаев Лоьма, Нохчийн  Республикин  Юкъараллин Палатин  председатель Батаев ГIайрсолта, Нохчийн Республикин  яздархойн  союзан  председатель  Ибрагимов  Канта,  Нохчийн Республикин  1илманийн академин   вице-президент Дадашев Райком, Россин Федерацин хьакъйолу  артистка  Багалова  Зулай, Нохчийн Республикин  медицинин страховани яран фондан директор  Абдулазидов  Денилбек, бевзаш  болу  яздархой: Рашидов ШахIид, Минкаилов  Эльбрус, Ахматукаев Адам, Осмаев Мовла, Ибрагимов Ризван, Закриев Руслан,  Саутиев Башир, Устамирова Самира а.

Яздархочун кхоллараллин  мах хадош, Багалова Зулайс иштта элира:

– Яздархочун язъян уггаре а хала  ерг  драматурги ю. Яздархочо язйина пьеса акктерашна герга хилча, царна  кино чохь  санна  дуьхьал  сурт хIутту. Ролаш ловзо  а атта хуьлу. Тхуна  боккха  кхаъ хилира  Сайд-Хьамзата  язйина  «Лулахой» пьеса нохчийн театре  кхаьчча. Хамидов Iабдул-Хьамидан «Бож-Iела» спектакль дIаяьлча «Лулахой» спектакль яра  хьовсархоша  езаш тIеэцнарг. Ас дозалла до, хьо санна  яздархой вайн махкахь хиларх. Тхо тешна ду «Лулахой» санна  комеди ахь  кхин а  язйийриг хиларх. Дала тIаьхье  беркате  йойла.

Цхьаьнакхетар дерзош дош делира Нунуев Сайд-Хьамзате:

– Дела реза хуьлда шуна  массарна  а. Аш лаккхара мах хадий ас бинчу  белхан. Аш аьллачух ах мукъане а, бакъ делахь, тIейогIучу  хенахь  язъяр бен суна  кхин дисина хIума  дац.

Кинон а, театран а  актера Исламов Султана  забарш еш, иллеш  олуш а дIадаьхьира  цхьаьнакхетар.

З.САГАЕВА

Авторан сурт       

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: