Тергамехь – адамийн хьашташ
Прокуратурин органаш хаддазчу гIаролехь лаьтташ ю адамийн хьашташна. Церан тидамза ца буьсу цхьа а хилам, хуьлда иза экономикехь, социальни декъехь, культурехь, дахарехь-Iерехь, юкъараллин дахарехь. Цара шайн коьрта декхар лору законаш, цуьнан лехамаш, дIаса ца таьIIаш, нийса кхочушбар. Цунна тIехьажийна бу церан берриге а болх. Компанешкахь жоьпалла дицдина. Цунна къеггина тоьшалла ду Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан прокуратурин гIуллакхаш а.
Дукха хан йоцуш прокуратурин векалша теллира шайн кIоштахь бахархой балха нисбаран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо. Бинчу балхо гайтира оцу гIуллакха тIехь шаьш къастийна цхьалхадахар лоьхуш долу дуккха а кхачамбацарш хилар.
Иштта, жоьпаллина доза тоьхначу «Сити-7» юкъараллин урхалла даран компанехь таллам беш, гучуделира, цигахь, къинхьегаман юкъаметтигаш къастоза а йолуш (доцуш дара балха дIаэцаран хьокъехь приказаш, къинхьегаман барташ), къахьоьгуш 24 стаг хилар.
Изза хьал карийра «Арс–888», «Кхиар» юкъараллашкахь вовшахтоьхначу урхалла даран компанешкахь а. Вовшашца йолу къинхьегаман юкъаметтигаш къастоза а йолуш, хьалхарчохь болх беш карийра 5, шолгIачохь – 7 стаг.
Иштта, кхолладелла хьал хьесапе а эцна, кIоштан прокурора Асабаев Идриса, РФ-н КоАП-н 5-чу статьян 4-чу декъана тIе а доьгIна, юкъараллийн даржехь волчу кхаа белхахочунна дуьхьал гIуллакх долийра административни бакъонаш талхоран хьокъехъ.
Цуьнца цхьаьна оцу учрежденийн куьйгалхошна хьалха хIоттийра законан талхораш йоццачу хенахь дIадахар.
Шина а агIонна пайдехь
КIоштан прокуратурин белхахой кху деношкахь цхьаьнакхийтира меттигерчу бахархошца. Цуьнан коьрта Iалашо яра царна шайн бакъонаш йовзийтар а, законодательствос хьалха хIиттош болчу лехамех кхетор а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацехь йолчу динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан а, кIоштан префектурин а, кIоштан динлелорхойн а векалшца цхьаьна юкъардешаран №54 йолчу школехь дешархошца, церан дай-наношца, кIоштан бахархойн векалшца дIадаьхьначу оцу цхьаьнакхетарехь йийцаре йира регионан тIекхуьуш йолу тIаьхье синъоьздангаллин ойланехь кхетош-кхиоран цхьааллин концепци кхочушъяр дIадахьаран гIуллакхаш.
Цигахь коьрта тидам тIебохуьйтура экстремизман гIуллакхашна, терроризмана, наркомани санна долчу сакхтечу гIуллакхашна дуьхьало ярна, экстремизман а, терроризман а гIуллакхашна дуьхьало яран хьокъехь долчу законодательствох кхеторна.
Цуьнца доьзна кIоштан прокурора Асабаев Идриса гулбеллачарна дийцира оцу законан лехамаш талхорна тIедужуш долчу жоьпаллех, кхиазхойн кхетамна социальни сеташа вочу агIор бечу Iаткъамах, синъоьздангаллин мехаллаш чIагIъярх лаьцна.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша дIахаийтира кхиазхой синъоьздангаллин ойланехь кхетош-кхиоран болх чIагIбан безаш хиларан хьокъехь.
Иштта, билгалдоккхура и тайпа цхьаьнакхетарш шина а агIонна пайдехь хилар.
Маларо бина «пайда»
РФ-н УК-н 264.1 статьяца билгалдина зулам дарна хьалха хан тоьхна хиллачу меттигерчу вахархочо З.Долтукаевс, вахош долу малар мелла а волуш, машенна урхалла дарна (РФ-н УК-н 264.1 статья) цунна дуьхьал лелийна уголовни гIуллакх къастийра Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан суьдехь.
Суьдан кхеташонехь билгалделира малар мелла а волуш, транспортана урхалла дарна хьалха, РФ-н КоАП-н 12.26-чу статьян 1-чу декъаца нийса а догIуш, административни жоьпе озийна хилла Долтукаев, юха а «кеп» йина волуш, машенахь воьдуш, сацийра кIоштан полицин белхахоша.
Цуьнгахь долу хьал девзинчу къепе ларъярхоша маларчин кхидIа болу некъ бихкира. Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачуьнца резахилира суд.
Долтукаев бехке лерира цуьнгара даьллачу зуламна.
Цуьнга хьаьжжина дара дина таIзар а: бар тIехь а долуш 150 сохьтехь белхаш байтар, транспортана урхалла дар 1 шарна дехкар.
Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю.
Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан прокуратура
Хаамаш зорбане кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 19 де, 2019 шо