Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала Инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам бина дешаран а, Iилманан а хьаьрмийн куьйгалхошка а, хьехархошка а, Iилманан белхахошка а Россин Федерацин меттигерчу халкъийн меттанийн дуьненаюкъарчу шарца доьзна, гIуран (декабрь) беттан 12–13-чуй деношкахь, Москвахь дIахьон йолчу Ерригроссин Iилманан-практикин «Россин халкъийн меттанаш – дешаран хьаьрмахь: кхузаманахь долу хьал а, кхиоран таронаш а» конференцехь дакъалацаре кхойкхуш.
Конференцехь, коьртачу декъана, йийцаре йийр ю иштта теманаш:
– этнокультурин дешаран урхаллехь регионашкара практикаш;
– школел хьалхара бералла: ши мотт лелачу хьелашкахь беро шен халкъан мотт Iамор;
– Россин халкъийн меттанаш хьехарехь лингводидактикин проблемаш;
– Россин халкъийн литература хьехаран Iилманан-методикин агIонаш;
– Россин халкъийн меттанаш хьехаран концепци: кхочушъяран «Некъан карта».
Конференцехь дакъалацаран хьокъехь заявкаш 2019-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де тIекхаччалц хIокху www.insch.ru сайтехула дIаоьцур ю.
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 26 де, 2019 шо