Ереванехь баьхна кхиамаш

Ереван гIалахь (Эрмалойчоь) дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Дуьненаюкъара турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара вайн республикерчу (Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь) РСШОР-н спортсменаш.

Къийсадаларш пхеа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира: Духаев Тимур (57 кг), Духаев Iалу (61 кг).

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарг ву, уьш Iамийна церан тренер А.Берсанов.

Кестта, Ярославль гIалахь хинйолчу Ерригроссин турнире баха кечам беш бу РСШО-н спортсменаш.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: