Россин Федерацин Премьер-министран Медведев Дмитрийн а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар хилира Москвахь.

Оцу хьокъехь Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Рамзана бинчу хаамехь билгалдаьккхина цхьаьнакхетар дикачу жамIашца дIадирзина хилар.
Цул сов, цо хаийтина меттигерчу тIегIанехь кхочушдалург республикин куьйгалло федеральни туьше кхийдош я цуьнга хьежош латтийна цахилар а.
Цхьаьнакхетаран жамIашца нийса а догIуш, Россин Премьер-министран сацам хилла Къилбаседа Кавказан федеральни округ социальни а, экономикин а кхиоран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяхьа.

Циггахь дийцаре дийр ду федеральни округерчу автомобилийн некъашкарчу блок-посташца доьзна гIуллакх а.
Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, и блок-посташ округерчу кхерамазаллина оьшуш цахиларал сов, маьршачу бахархошна а, Къилбаседа Кавказе богIучу хьешашна а, туристашна а баха-бахка новкъарлонаш еш а ю.
«Нохчийн Республикера хьал даима а шен тергонехь латторна а, республика кхиорна оьшуш долчу дIадолоршна тIехь гIо-накъосталла дарна а ас баркалла боху Дмитрий Анатольевична», – аьлла, яздина Кадыров Рамзана.
Медведев Дмитрийца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, Россин Федерацин Президентан Администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца а цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан.
Оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина Вайно Антон шен болх бевзаш а, иштта, гӀо-накъосталла дан кийча волуш а говзанча хилар.
Оцу цхьаьнакхетарехь Кадыров Рамзана цунна довзийтина Нохчийчуьра хьал, цул сов, республикин экономикин а, юкъараллин-политикин а дакъошкахь болчу кхиамех лаьцна а дийцина.
И.ИСЛАМОВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 26 де, 2019 шо