Рашидов Шаидан кхоллараллин суьйре хилира

Нохчийн Республикин халкъан яздархочун, Россин Яздархойн союзан декъашхочун Рашидов Шаидан 79 шо кхачар билгал а доккхуш, цуьнан кхоллараллин суьйре дIаяьхьира Гуьмсан кIоштан Ойсхара юьртан Культурин цIийнехь.

Гуьмсан кIоштан культурин отделаца цхьаьна, суьйре вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо.

«Поэзин миноташ» аьлла, цIе тиллинера Шаидана леринчу суьйренна. Цуьнан байташна тIехь даьхначу иллешца хьалакхиъна масех чкъор. Дерриге а 400 илли а, йиш а ю цо нохчийн иллин жанрана юкъайиллинарг.

Байташ Даймахках, ненах, безамах, доттагIаллах ю цуьнан. Нохчийн гIарабевллачу илланчаша а, композиторша а Дагаев Валида, Дадашева Тамарас, Паскаев Рамзана а мукъамаш баьхна цуьнан байташна.

Адамийн дегнашка кхочу Шаидан дош. Цул сов, Шаид 20 сов книгин автор а ву. Царах ю: «Iуьйренан тхи», «Седарчийн буьйса», «Сатийсар», «Дайн латта», «Ломара цIе», «Дахаран аре», «Дикалла», «Сацахьа, Латта!», «Къайле», «Нана-Нохчийчоь», «Догу дог», «Даймохк, ахь суна ницкъ лолахь», иштта дIа кхин а.

Кхечу халкъийн меттанашка а яьхна цуьнан байташ.

Цуьнан байташа адамалла, къинхетам, къинхьегам, бусалба адамехь а, нохчийчуьнгахь а товш долу диканиг кхайкхадо.

Байташ язъярал сов, иза поэмийн, повестийн, легендийн автор а ву.

Шен дахаран йоккха оьмар Нохчийн Республикин дешаран хьаьрмина дIаелла цо. Цундела ларамаза дацара Шаидана леринчу суьйренехь республикехь бевзаш болу лараме нах хилар.

Цхьаьнакхетаран хьешашка маршалла хаьттира Гуьмсан кIоштан Культурин отделан хьаькама Бабишев Руслана а, Халкъан кхоллараллин туьшан директоран заместитела Шатаева Зараа а.

Юбилярана лерина Баркаллин кехат дIадийшира З.Шатаевас.

Оцу суьйренехь дакъалоцуш гIалгIайн а, Дагестанан а республикашкара Iилманан а, культурин а, искусствон а интеллигенцин векалш а, Шаидан кхолларалла езаш болу нах а бара.

Довха, хаза дешнаш элира цара Рашидовна лерина.

Юбиляран а, мехкан хьешийн а иллешца, эшаршца самукъадаьккхира Нохчийн Республикин халкъан артисташа Дадашева Тамарас, Абдукаримов Илеса, Ерригроссин конкурсийн лауреаташа Парсанова Таисас, Осмаев Булата, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Домбаев Мохьмада, Культурин хьакъволчу белхахочо Булуев Нажмуддис, Баймурадов Джаддала, Исламов Султана, Кайпаев Турпал-Iелас, Таймасханов Асвада.

Леррина, оцу суьйрене веанчу Нохчийн Республикин халкъан артиста, композитора, пондарчас Паскаев Рамзана Шаидана дукхабеза мукъамаш балийра.

Ша лерина, шех лаьцна довха дешнаш аьллачу, совгIаташ динчу хьешашна даггара баркалла элира Рашидов Шаида.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: