Саламова Хадижат – дуьненаюкъарчу конкурсан толамхо

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшан говзанча Саламова Хадижат дакъалоцуш яра 2017-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь дуьйна Ерригроссин юкъараллин «Профессиональная наука» организацис дIахьочу йоккхачу «Intercover.ru» проектехь.

Оцу проектан гурашкахь хIокху 2019-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь Iилманан тайп-тайпанчу дакъошкахула а, номинацешкахула а талламан белхийн дуьненаюкъара конкурс дIаяьхьира.

ХIокху деношкахь Нижни Новгородера хаам кхаьчна, Х.Саламовас педагогикин а, психологин а декъехь кхочушбинчу талламан белхан лаккхара мах хадош, къобал а бина, II-чу даржан диплом а делла аьлла.

Психологин Iилманан хаарш долу говзанча хилар мехала ду Хадижата болх бечу СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а туьшахь.

З.ХИЗИРОВА
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: