Дийцаре дира драматурги кхиор

IMG_0789

Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу яздархойн  цIийнехь, Нохчийн Республикин  яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта коьртехь а волуш, бевзаш болу яздархой цхьаьнакхийтира. Цига веана вара режиссер Яхъяев Салавди. Уьш вовшахкхетаран бахьана дара вайн республикерчу театрашкахь болх жигара баккхархьама керла пьесаш йийцаре яр.

Цхьаьнакхетар долош, вистхилира Ибрагимов Канта:

– Бакъволу яздархо даима а язъеш хила везаш ву. Ша  язйинчу произведени тIехь тоам бина саца везаш вац иза. Баккъал а кIорггера чулацам болу произведени дика тIеоьцур ю ешархоша. Ткъа иштта дика язйинчу пьеси тIехь хIоттийна спектакль а хазахетарца тIеоьцур ю хьовсархоша. Вайн декхар язъяр ду, ткъа гонахарчара вайн белхан мах хадор бу.

Ибрагимов Кантас яздархошна тIедиллира шайн болх жигарбаккхар. Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша шайна юккъехь билгалйира произведенийн мах хадош, вайн республикерчу театрашкахь болх бечу режиссерашка дIакховдо пьесаш билгалйохур йолу комисси. Шайн дагадовлар дерзош,  комиссина юкъабогIучу яздархойн цIерш ехира. Уьш бу: Нунуев Сайд-Хьамзат, Юсупов Руслан, Ибрагимов Лоьма, Ахматукаев Адам, Исмаилов Абу, Оспанов Къосум, Уциев Абу, Тапалаева Амнат.

З.САГАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: