Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана социально-экономикин декъехула республика кхиоран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, цуьнан заместительша, иштта, республикин министерствийн а, кIоштийн а куьйгалхоша, гIаланийн мэраша.
Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствона юкъайогIучу предприятийн бахамаллин комплексаш аренде дIаяларан хьокъехь болу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун 2016-чу шеран оханан (апрель) беттан 6-чу дийнахьлера сацам кхочушбаран гIуллакх дийцаре дира.
Цу хьокъехь доклад йира Нохчийн Республикин юьртан бахаман министра Дадаев Мусас.
Цо билгалдаьккхира: 2014-чу шарахь республикин юьртабахаман предприятийн 1 миллиард соьмал сов болчу барамехь декхарш хилла хилар.
И декхарш дIадахархьама 102 предприяти (ГУП-ш) инвесторшка дIаеллера. Царах 36 ГУП дIаяьккхина, 35 предприяти толлуш ю, церан декхарш дIатекхна, дIаяккхаза кхин 31 ГУП а ю, уьш хIинца а таллаза ю.
ГУП-ш дIаяхарехула бечу балхана ша резацахилар хаийтира республикин Куьйгалхочо. Цу хьокъехь долу тIедиллар кхочушдар дахдаран бахьанаш билгалдохуш, йоццачу хенахь справка ялар (язъяр) тIедиллира цо.
Иштта, тайп-тайпанчу дакъошкахь бечу белхийн хьокъехь, оцу дакъошна долу жоьпалла шайна тIедиллинчара, йинчу докладашка а ладуьйгIира Р.Кадыровс.
Парламентан Председатела М.Даудовс хаам бира шен жоьпаллехь йолчу Шелан кIоштахь хаъал дукха болх бина хиларх лаьцна.
«Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо гIодар бахьанехь 612 берана школин духарш а, дешарехь оьшуш болу гIирсаш а эцна, 1 100 доьзална тIеюху хIуманаш яларца гIо дина, 1 265 доьзална кхачанан сурсаташ делла. ГIишлошъяран коьчалш а, ахчанаш а делла 152 доьзална, халачу хьелашкахь бохкучарна 3 цIа дина, 10 трансформатор а, электросерлонан линешна 315 бIогIам а боьгIна, 13 500 метр электросеташ ехкина, 8 500 метр некъаш тIе силам диллина. Мескер-Эвлахь а, Жимачу АтагIахь а газ ялоран белхаш а, дукха хан йоццуш нах баха хевшинчу меттигашкахь электросерлонца кхачояран белхаш а бу беш. Хи цатоаран проблема дIаяккхархьама кхаа меттигехь, буру а тухуш, хи доккхуш ду. Шелахь а, БелгIатойн-Эвлахь а керла хин биргIанаш а ехкина, хи тотту 2 бIов а йина», – элира М.Даудовс.

Иштта, Грозненски кIоштан хьокъехь оцу кIоштан куьйгалхочо Абазов Рустама а, Шуьйтан, Шаройн, Итон-Кхаьллан кIоштийн хьокъехь (оцу кIошташна жоьпалле винчу) Нохчийн Республикин МВД-н министра Алханов Руслана а, Курчалойн кIоштан хьокъехь (цунна жоьпалле волчу) «Газпром межрегионгаз Грозный» организацин коьртачу директора Баймурадов Лом-Iелас а, кхечара а докладаш йира.
Кхеташо ерзош, республикин Куьйгалхочо беркате къахьегарна а, балха тIехь лаккхара кхиамаш бахарна а баркалла элира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительна – автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Абубакарна а, Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хож-Баудина а. Керлачу шеран дезденошна кечамбар а тIедиллира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо