«Оьрсийн а, нохчийн а юкъаметтигаш: XVI–XVII-гIий бIешераш» документийн гулар арахецна

Нохчийн халкъан исторехула йолчу республикин комиссис арахецна документийн рогIера гулар. «Оьрсийн а, нохчийн а юкъаметтигаш: XVI–XVII-гIий бIешераш» оцу белхан цIе ю.

Арахецначу гуларехь вовшахтоьхна оьрсийн а, нохчийн а халкъашна юкъарчу зIенийн хьалхара гIулчаш йовзийтаран XVI–XVII-гIий бIешерашкарчу Москван пачхьалкхан дипломатица а, балхаца а доьзна кехаташ.

Оцу кехаташкахь балийна нохчийн а, Кавказерчу кхидолчу халкъийн а хьокъехь дуккха а хаамаш бу: политикин дIахIоттаман, социальни а, этнокультурин а кхиаран, историн, и.дI.кх.а.

Цул сов, оцу кехатийн буха тIехь билгалдолу Россин а, нохчийн халкъан а юкъаметтигийн хьалхара гIулчаш вовшашца барт а, машар а безарца яьхна хилла хилар.

Оцу гуларан коьртачу редактора, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Ш.Гапуровс билгалдаккхарехь, «Оьрсийн а, нохчийн а юкъаметтигаш: XVI–XVII-гIий бIешераш» гуларан шолгIа дакъа арахецар доккха маьIна долуш ду.

«Iилма а, машар а чIагIбарна дика тIеIаткъам бина ца Iаш, халкъашна юкъара барт чIагIбарехь а хIокху гуларо шен меттиг дIалоцург хиларх тешна ду вай», – билгалдаьккхина цо.

Дагадоуьйту юьйцуш йолу гулар арахецаран харж Нохчийн Республикин Правительствос оцу балхана къастийначу ахчанах йина хилар.

Проектан куьйгалхо а, автор а Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву.

Гуларна оьшуш долу документаш Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, Россин Iилманийн академин Этнологин а, антропологин а институтан а, Россин пачхьалкхан архиван а архивашкара вовшахтоьхна.

И.ХАСАХАНОВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: