Шуьйтан кIошт: Хьорсане – керла некъ
Шуьйтан кӀоштарчу Хьорсане боьдуш керла некъ хир бу.
И болх меттигерчу некъашдахкархоша жигара дӀахьош бу карарчу хенахь.
Хууш ма-хиллара, Шуьйтан кӀошт, лулара Шаройн а, Итон-Кхаьллан а кӀошташ санна, 5-чу секторна юкъайогӀуш ю.
ГаланчIожан кIошт: некъаш дахар кIеззигчу ханна сацийна
2018-чу шеран хIутосург (май) баттахь дуьйна дӀахьош бу ГаланчӀожан кӀоштахь некъаш дахаран а, нисдаран а болх.
Уггаре а хьалха нисдира Терхие юьртана юххерчу некъан дакъа, Ялхара боьду некъ а баьккхира, иштта, ЦӀеча-Аьхка кхаччалц боьду некъ а меттахӀоттийра. Цул тӀаьхьа рагӀ кхечира Тишли (Аьккха) боьдучу некъан а.
Карарчу беттан 18-чохь, Саканжера дӀа (Хотташкочахула) Ехкачу кхаччалц некъ а боккхуш, Роьшни-Чу юхакхаьчна техника.
Хенан хӀоттам бегӀийла хиллалц аьлла, техника то а еш, некъаш дахаран болх сацийна. Амма герггарчу хенахь и болх юха а дӀаболор болуш бу.
Соьлжа-ГIала: Мединате – керла авиамаршрут
Мединат (СаӀудийн Арави) а, Соьлжа-ГӀала (Нохчийчоь) а авиазӀенаца хоттаелла.
ХӀинца дуьйна Ӏумрат дан боьлхурш Нохчийн Республикин пачхьенан «хӀаваан кевнашкахула» баха йиш йолуш хир бу.
Нохчийн Республикин Хьаьждаран комитете (муфтиятан дакъа) дехарш даре хьаьжжина лелар ду керлачу авиамаршрутехула кема.
Билгалдаккха догӀу юьйцучу авиамаршрутан хьалхарчу рейсаца Ӏумрат дан Нохчийчуьра 18 стаг вахана хилар.
Гуьмсан кIошт: 20 доьзална хIусамаш йийр ю
Гуьмсан кӀоштан Къеди-Юьртарчу 20 доьзална керла хӀусамаш йийр ю карарчу шарахь. Иштта сацам хилла Нохчийн Республикин Куьйгалхочун.
Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, 1895-чу шарахьлерчу баракаш (дечиган гӀишлош) чохь хӀинццалц Ӏаш 20 доьзал хилла.
И баракаш нах чохь Ӏан мегар йолуш цахиларал сов, царна чохь Ӏачу доьзалшна юкъахь буобераш а, заьӀапхой а хилла.
Республикин Куьйгалхочо дIахьедина оцу тайпана хьал вайн махкахь хила йиш цахилар.
Иштта, цуьнан дӀадолорца, лакхахь хьахийначу 20 доьзална керла хӀусамаш йина ца Ӏаш, аьчканекъаца лаьтташ йолу и баракаш дӀа а хьокхуш, меттиг битаме ялор ю хӀокху шарахь.
Курчалойн кIошт: латтанашна инвентаризаци йина яьлла
Республикин ерриге а кӀошташкахь дӀахьош ду латтанашна инвентаризаци яр.
Оцу декъехь белхаш бечу лерринчу комиссин декъашхоша къастадо яртийн а, шахьарийн а дозанаш, билгалдоху кехатийн бух боцу латтанаш, иштта, кехаташкахь кхачамбацарш доллушехь доладаьхна латтанаш.
И берриге а болх чекхбаьккхина Курчалойн кӀоштахь – республикехь уггаре а хьалха. КӀоштан администрацис теллина хӀора а дакъа, къастийна долахь доцу а, кхачам боллуш дола ца ден а латтанаш.
Цул сов, латтанийн кадастрера хаамаш цӀинбайтаран Ӏалашонца, шаьш мел гулбина хаамаш Росреестран органашка дӀа а белла.
ТIехьа-Мартан кIошт: Хаьмби-Ирзе хи дуьгуьйтуш ю Кадыровн фонд
ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Хаьмби-Ирзе хи дуьгуьйтуш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу Юкъараллин гӀоьналлин фонд.
КӀоштан куьйгалхочо Т.Хучиевс билгалдаккхарехь, Кадыровн фондо гӀо-накъосталла дар бахьана долуш, Хаьмби-Ирзерчу Эсамбаевн урамерчу нахана хица кхачо ян а, хи тотту ши бӀов хийца а таро хилла.
Билгалдаккха догӀу буьйцучу урамехь охьайохкучу хин биргӀанийн йохалла 1 км хилар.
И.ИСЛАМОВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо