РасулIен юрт а, нохчийн йоккхастаг Рахьима а

Шемара РасулІен юрт Хьасака кIоштана юкъайогIуш ю. Иза гIараяьлла ю цигахь дуккха а шовданаш хилар бахьанехь. Юьртабахамна чIогIа бегIийла юрт а ю.

РасулІен юрт йиллинарш нохчий бу, иштта кхин масех юрт а йиллина цара.

Нохчий кхаьчначу хенахь, нах бехаш меттиг а яцара цигахь. Латта а, шовданаш а бен дацара.

Цига кхаьчначу нохчаша оцу лаьтта тІехь маьждиг а, цІенош а дина. ТIаьхьа, РасулIене дукха къаьмнаш кхелхира: Кавказера арабевлла эрмалой а, тайп-тайпанчу къаьмнех керстанаш а, кхиберш а. Оцу дерриге а къаьмнашна юкъахь машар а латтийра нохчаша.

Ун даржар бахьана долуш, дуккха а нохчий дІабевлла цигахь, вайн кешнашкахь меттиг а ца юьсуш.

Цул тIаьхьа дукха нохчий ца бисина оцу юьртахь, дукхахберш кхечу меттигашка дІабахана. Масех доьзал Раккха цІе йолчу юьрта кхелхина. Таханлерчу дийнахь хьал тиша ду РасулIенехь, Шемарчу кхийолчу ярташкахь а, шахьаршкахь а санна.

Хууш ма-хиллара, тІом дукха бахбелла цигахь. И ирча тІом бахьанехь нохчашна а дукха зенаш хилла. ТІамехь дакъалаца цалаар бахьана долуш, дукха нохчий арабевлла цигара (РасулIенера), амма цхьажимма чохь а бисина. Баккхийчу нахах цигахь йисинарг Рахьима ю.

Ялхо Рамзанан йоІ ю Рахьима, цуьнан да Хонкара махкара веънера Шема. Рамзан яхь йолуш, къонахчун амал йолуш стаг хилла. Шен заманахь Шема махкахь цIеяххана хилла иза, Iедалан балхахь а волуш.

Цкъа, цхьа нохчи велла аьлла хезча, иза дІаволла дуккха а цуьнан накъостий гулбелла хилла. Царна юкъахь Рамзан а хилла. Рамзан говрахь а волуш, тапча а лелош хилла цу заманахь.

Цу хенахь тапча лело бакъо атта луш а ца хилла. Шен накъост дIаволла каш чу ваьлча, оцу Рамзанан хаьн тІера тапча гиначу цхьамма хаьттина цуьнга: «И тапча муха лелайо ахь, хьан бакъо юй иза лело?», – аьлла.

ТІаккха Рамзана жоп делла цунна: «Ю дера, бакъо… Оцу тапчана чохь ю-кх сан бакъо!», – аьлла.

Иштта яхь йолуш, майра кIант хиллачу ден йоI ю Рахьима. Иза 1927-чу шарахь йина ю. Шен дахарехь дуккха а дика гIуллакхаш дина Рахьимас. ЧIогIа къинхетаме адам ду иза.

ХІусамда хьалххе дІакхелхина, ша йисина хилла иза, доьзал а ца хилла цуьнан. Шен йоккхахйолчу йишица Патимаца цхьаьна Іийна Рахьима.

Пхи шо хьалха и йиша а дІакхелхича, юха а ша йисина, РасулІенехь Iаш ю йоккхастаг.

Шен дахарехь дукха къахьегна а, дийцина ца валлал, дахарехь дукха хІума гина а ю иза. Таханлерчу дийнахь РасулІенехь Iаш болчу нохчашна юкъахь уггаре а йоккха ю Рахьима, дезткъе шийтта шо кхаьчна цуьнан. Цхьа шо хьалха, деган пха букъбелла, цомгаш хилла иза.

Дукха хан йоццуш, юха а РасулІенехь тІом балар бахьана долуш, цкъачунна РасулІенера Раккха юьрта дІаяхана, цигахь ю йоккхастаг.

Кхо мотт хууш йолчу цуьнга хІинца хьалха санна шера къамел ца дало, къеналла а, цамгарш а бахьанехь хирг хир ду иза.

Дуьнен чохь яккха йисинчу хенахь Дала могашалла а йолуш, кхетам болуш яхайойла иза!

ДIаяздинарг: МАЖЕД Жабраил
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: