«Земски хьехархо» программа кхочушйийр ю

ТIедогIучу 2020-чу шарахь Россин Федерацехь «Земски хьехархо» федеральни программа кхочушъян йолор ю. Иштта хаам бина Россин Федерацин серлонан министерствон пресс-службо.

«Земски хьехархо» программица юьртахь болх бан резахиллачу хьехархочун 1 миллион сом компенсаци эца таро хир ю. Кхузахь билгалдаккха догIу хьехархо болх бан дIавоьду меттиг – юрт я гIала – 50 эзарал сов вахархо воцуш, жима гIала хила езаш хилар.

Кхаа шарахь бан безар бу юьртахь болх. «Земски хьехархо» программа кхочушъяр масех муьрехь дIахьур ду.

Цкъа хьалха, оцу программехь дакъалаца лаам болчу хьехархочо заявка чулур ю, юха леррина кхоьллинчу комиссин эксперташа мах хадор бу заявкин, иштта программехь дакъалаца тоьлларш схьакъастор бу.

Ша болх бан дезар долу школа очни а, заочни а кепара къасто йиш хир ю. Цу хьокъехь хаам «Земски хьехархо» порталехь карор бу (видео а хир ю), хьехархо оьшу школаш йовзуьйтуш. Цул тIаьхьа белхан контракт йо, цуьнан копи оцу программина жоьпалле волчу Iедалан векале дIакхачайо. Программина юкъавеанчу хьехархочун товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна болх дIаболо йиш хир ю.

Хьехархо тIеэцначу школо а, регионо а 2020-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 1-ра де тIекхачале дIалур ду дуьйцуш долу ахча.

Карарчу хенахь регионашкахь кечъеш ю хьехархойн вакансийн а, школийн а спискаш.

2019-гIа шо чекхдалале къастор ду муьлхачу регионехь муьлхачу предметехула хьехархо ву оьшуш.

«Земски хьехархо» программа вайн пачхьалкхан ерриге а субъекташкахь (Москва а, Санкт-Петербург а йоцучохь) кхочушйийр йолуш ю.

Герггарчу хенахь оцу проектан портал схьайоьллур ю. Цигахь карор бу оьшуш болу берриге а хаамаш.

З.ЯХЪЯЕВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: