Санкт-Петербургехь хиллачу конгрессехь дакъалецира Ахметханов Сайд-Мохьмада

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон берийн стоматологин республикин поликлиникин коьрта лор, Нохчийн Республикин хьакъволу лор, республикин берийн коьрта стоматолог Ахметханов Сайд-Мохьмад хилира Санкт-Петербургехь лахьанан (ноябрь) беттан 19–21-чуй деношкахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «Законодательство и право: результативные решения главного врача» конгрессехь.

Иза дIаяхьаран Iалашонех лаьцна яздо «Корматаллин кхиаран Академи» сайта тIехь.

С-М.Ахметхановс дийцарехь, конгрессехь дийцира медицинин учрежденийн куьйгалхошна хьалха лаьттачу декхарех лаьцна.

Программа а йоккха яра конгрессан. 2019-гIа шо чекхдалале профстандарташ юкъаялоран гIуллакх а теллира цигахь.

Медицинин белхахойн къинхьегам эвсаре хилийтарна кечйина алгоритм а йовзийтира конгрессан дакъалацархошна.

ТIаьхьарчу хенахь законо магош долчу, мехах кхочушдечу медицинин хьаштийн гIуллакхаш дIанисдарх лаьцна а дийцира.

«Конгрессехь деллачу хаарша медицинин учрежденин куьйгалхо балха тIехь хила тарлучу гIалатех ларвийр ву», – билгалдаьккхира цо.

Эксперташна зеделлачух пайдаэцначул тIаьхьа, конгрессехь дакъалаьцначарна леррина дипломаш делира.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Санкт-Петербургехь хиллачу конгрессехь дакъалецира Ахметханов Сайд-Мохьмада” йаздарна бухахь

  1. «Могашалла ларъяран «хила ца деза и? Вуьшта а массо маттахь шина дашах хуьлу ишттачу министран цӏе. Масала, могашаллин министр.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: