Ерригроссин фестивалехь тоьлла М.Магомаевн цIарахчу школин эшаршлакхархой

Лахьанан (ноябрь) беттан 22-чу дийнахь Москварчу ТIеман музейхь йоккха концерт хилира Ерригроссин хоран фестивалан финалистийн.

Нохчийн Республикера оцу фестивалехь дакъалоцуш яра М.Магомаевн цIарах йолчу къоман музыкин школин «Родничок» тоба. Концертехь дакъалоцуш Россин 20 регионера берийн а, баккхийчеран а хоран 27 коллектив яра.

Россерчу эзар эшаршлакхархочух вовшахтоьхначу хоро Россин Федерацин оборонин министерствон симфонин оркестраца дуьненахь а гIаръяьллачу композиторан Пахмутова Александрин эшарш лекхира.

ПхоьалгIа шо ду Россехь оцу тайпа фестиваль дIаяхьар ламаст хилла схьадогIу. Иза дIаяхьаран коьрта Iалашо ю хорехь йиш лакхар марздар. Ткъа фестивалан концертехь дакъалаца аьтто хилар йоккха сийлалла ю.

Соьлжа-ГIаларчу М.Магомаевн цIарах йолчу республикин къоман музыкин школин «Родничок» тобано «Корматалин берийн хор» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира.

Оцу хорана а, школин хормейстерна Рашидова Маремана а «Къоман ламасташ Iалашдарна а, кхиорна а» аьлла, дипломаш делира.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Инстаграмехь йолчу шен агIонехь толам баккхарца декъалбина М.Магомаевн цIарахчу къоман музыкин школин «Родничок» тобанан илланчаш.

№91, лахьанан (ноябрь) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: