Иза шен Iалашоне кхаьчна

(Э.Минкаиловн прозех    дош)

Elьbrus_________2

Хууш ма-хиллара, нохчийн  литературин  критикин   жанр тIаьхьайисна  йогIуш  ю  вайн   гуттар а.  Къаьсттина кIезиг бу оцу  декъехь  нохчийн маттахь  язъеш  берш. Ткъа  муьлхха а маттахь  язйина литература  талларна   лерина  статья уггаре а  хьалха  шен  маттахь   язъян  йогIу. Иштта  аьлла  хетачех ву Минкаилов  Эльбрус. Масех  книга  бен   ара  ца  яьлла нохчийн  маттахь  критикин  жанрехь, Минкаиловсчул  хьалха   Сулаев Мохьмадий, Арсанукаев Iабдуллассий, Туркаев Хьасаний бен  ца  бина  и болх.

«Нохчийн  литератураххий, фольклораххий»   цIе йолчу  шен   гуларна   автора   юкъаяхийтина   тIаьхьарчу  шерашкахь  ша  язйина   статьяш. Вайн  исбаьхьаллин литературин  къанойн  кхоллараллица  цхьаьна Минкаиловс  кIорггера  талламбо вайзаманан яздархойн  произведенийн.

Минкаилов Эльбрусан  – прозаикан – говзарш  шатайпа ю  шайн  сюжетций, композициций, маттаций. Автор гуттар а   ларло  хиламийн а, вастийн  а дукхаллах,  цунна тоьа  цхьа   кIеззиг  долчунна  тIе  тидам бахийтар,  цуьнан  гIоьнца   шен турпалхо  дагалецамашка  ваккхар а. Цундела  дукха  нисло  яздархочо  шен  ешархочунна  заманан  масех  мур   гайтар,  уьш   дуьхь-дуьхьал хIитторца я бустарца шен  турпалхойн  амалш, цаьрца боьзна  хиламаш   бовзийтар. Дукха хьолахь яздархочо  шен цIарах  дIахьо   дийцар,  кхечу  персонажашца   цхьаьна  а го  иза,  цкъацкъа  коьрта  турпалхо ша  а  хуьлу. Оцу  дерригено  а  шатайпаналла кхуллу   цуьнан  произведенийн.

«Цхьа кхоллам» дийцар Тесиев Алдаман дахаран некъ бовзуьйтуш ду. Билггал хилла волчу стеган кхоллам бу цу тIехь буьйцург. Цунах вай кхета дийцаран чаккхе ешча. ДештIаьхьенехь автора вайна Алдаман доьзалх лаьцна хаамаш баларо гойту и.

Гуш ду Алдаман дахар мел чолхе а, хала а хилла. Ткъа вайн дийцаран турпалхо оцу халонаша вахчийна чекхволу. Нохчаша даима коьртачех лерина долчу собарца чекхваьлла Алдам шен зиэрех. Цундела ву иза наха лоруш а, сийдеш а. «Со даима цецвуьйлура цуьнан партал хиларх а, мичча хьолехь вухуш и цахиларх а, хIуъа а гIуллакх дан хууш а, цхьа товш, самукъадаларца, цо и деш хиларх а», – дуьйцу автора. Алдаман партал хилар билгалдаккхарехь а го вайна и стаг, хIуманан сихо ца еш, ойла йиний бен, гIуллакх кхочуш ца деш, волчех вуйла.

Алдам вайна вовзуьйтучу могIанашкахь цуьнан сурт иштта кхуллу автора: «Алдам, доккхачу дегIахь, хIинцца тIаьхьа къежвала воьлла, дуькъа мекхаш а, сийна бIаьргаш а болуш стаг вара».

Вайн къоман кхетамехь оьздачу къонахчун битамаш бу уьш. «Кхидерг дацахь а, собаррий, жимма мотт хааррий-м ду хьан ден доттагIчун», – боху Алдама. «Дахарехь хьуна чIогIа оьшур долуш цхьа хIума ала лаьа суна хьоьга: къонах а хилла, дахарехула чекхвала хьо лууш велахь, миччанхьа – цхьаъ хилла а – тIевосса меттиг хила езаш ю хьуна. Хьо а кийча хила, хьайна тIевеанчун гIуллакхе хьажа, цкъа а ца эшахь а, хьайн а хилийта иштта меттиг…», – хьехар до цо дахаран зеделларг доцчу Элбердна.

ТIаккха дешархо кхета: Алдамна дуккха а гина кху дуьненахь, цхьа бух боцуш дац цуьнан дахаран гIиллакхаш. Ткъа Алдамах долчу дийцаран «Цхьа кхоллам» цIе елахь а, иза беккъа цуьнан шен кхоллам бу алар нийса дац. «Дахкарлахь» цIе йолчу дийцарехь санна, Минкаилов Эльбруса хIокху дийцарехь а цхьана стеган вастаца дуьйцу нохчийн къомана тIехIиттинчу бохамех лаьцна.

«Мел хилларг а диканна ду-кха, мел хилларг а…» дийцар шен башхаллашца а, турпалхойн васташца а чIогIа къаьсташ ду кхечарах.

Минкаиловс хIокху шен дийцарехь кхоьллина Анзоран васт вайн литературехь керлачех ду. Мацах оьрсийн литературехь И. Гончаровн Обломов а, А. Чеховн Беликов а санна. Ткъа Лайса, А. Пушкинан Татьяна санна, романтик, Iаламан бер ду.

ХIара дийцар Минкаилов Эльбрусан дийцаршлахь тоьлларг ду, цу тIехь кхоьллина Анзоран а, Зорин а васташ авторан кхиам лара  догIу. И тайпа нах вайн дахарера бу, вайна юкъахь бехаш а болуш.

ТIом… ХIара дуьне кхоьлличхьана, хIокху лаьттахь, миччахь хилла а, и боцуш зама ян а еаний-техьа, муьлххачу а цхьана маьIIехь хилла а. Iилманчаша яздарехь, хIокху денналц адамашна евзачу исторехь чот йича, герггарчу хьесапехь кхузткъе бархI де деана аьлла ду цхьанхьа-м.

Уггаре а шира хан, исторехь евзаш йолу,  схьа а эцна, керста дине кхаччалц йолчу хенера тIемаш хьахийча, вай эр ду, цу тIемийн къизаллаш, бохамаш лелош долу хIетахьлера халкъаш я къаьмнаш Iеса (язычество) динехь хиларна лелийна. НеронгIар, МакедонскийгIар, ДарийгIар, иштта кхечеран а къизаллаш. Цаьрга шайн «деланаша» тIом ма бе ца баьхна, мелхо а шаьш хилла уьш (Iеса деланаш) вовшашца тIемаш беш, вовшех а, адамех а къинхетам боцуш, мифашкахь ма-дийццара.

Керста дино ши эзар шо хьалха дуьйна адам дер, ницкъбар къа хилар дIакхайкхийна. ХIетте а и дин лелочаьргахьара тIемаш совцуш ца хилла.

Цул тIаьхьа Делан бакъ дин кхайкхийна АллахIан цIарах дуьненан тIаьххьарчу Пайхамара – Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). ТIаккха а, адамо адам дер, Далла хьалха  уггаре а доккхах долу къа леринашшехь, хаддаза тIемаш бу кху лаьттахь. Бусалбанаша а бо, керстанаша а, кхечу динехь болчара а бо. ХIунда ду и иштта?

Цунна бахьанаш дукха ду, хIора тIом бечу агIоно ша-ша бакъ а веш. Амма царах цхьаммо а ца олу, Дала тIом бар доккха къа лерина.  Мелхо а Делан цIарах бо уьш. Бакъду, шен маршо, дин, мохк ларбеш летачийн агIорхьара нийсонан тIом лору и бакъдино.

«Дахкарлахь» цIе йолчу дийцарехь автора  яздо: «Адамашна хьовха, жIаьлешна а Iеминера иза: кеманийн гIовгIа хеззашехь, уггаре а хьалха шайна дIалачкъа меттиг лохура цара… Кеманан гIовгIа йолчу агIонна дуьхьал хоржура цара лочкъийла – дукха хьолахь цIеношна я дитташна тIехьа. Цхьана дийнахь со чIогIа цецваьккхира цара: дIалачкъа меттиг ца карийна цхьа жIаьла дара бIарзделла хьийзаш, шеца жима кхо кIеза а долуш. Кеманаш тIехула хьаьвзинчу хенахь церан дIанисдалар чIогIа дагах хьакхаделира суна: зуд-жIаьла, кема долчу агIор а хиъна, сецира, ткъа кIезий нанна тIехьа левчкъира…»

Оцу суьрто гойту: тIамо садолчу массо а хIуманна – адамашна тIера чуьркана тIекхаччалц – бохам бохьу. Иштта – ораматашна а, уггаре а жимачунна тIера массарал а зоьрталчунна тIекхаччалц. «Адамаш хьовха, чохь са долу ерриге а хIума яра бIарзъелла хьийзаш оцу доьхначу деношкахь…», – боху дийцархочо. Ша дуьйцуш долчун теш ву хIара. Циггахь кхоллало цуьнан бакъйолу ойла, хIинццалц цо чот йина а, я и тIаьхьакхиа гIоьртина а йоцу: Делан гIуда ду хIокху лаьттахь адамех дахнарг. Цо царна исбаьхьа дуьне делла, оцу дуьненан дай а бина царах. Кхийолчу цхьана а садолчу хIуманна Ша ца делла хьекъал, кхетам, ойла яр а адамашна делла Дала. ТIом сацо а, тIом ца бан а, и ца хилийта кхетам, цуьнан тIаьхьенан ойлаян хьекъал шен хилча, адамо стенна бо тIом?

Акхароша, шайн тайпанашка а декъалой, тIом ца бо. Наггахь хуьлу боху церан барзо – борз, я чано – ча, иштта кхечара а вовшийн ер а, яар а.

Ткъа адамаша иза а, важа а, кхин а галдаьлларг а до. «…И бахьанехь сов а бара адамийн баланаш…», – нийса жамI до дийцархочо. Бакълоь и: дан а ду и хийламмо, ша дечун духе адам хьаьжча, ша бен кхин доцу жоп.

Адам Iесадалар, динан кIоргенаш евззашехь, адамо уьш дицдар. Кхузахь тIом бу, ткъа «…Москвахь болчеран башха кхузарчу гIуллакхийн бала а боцучух тера дара, уьш Керла шо даздеш бара – тIетаьIIина лоькхуш эшарш, еш забарш…». Москвахь хьовха,  дуьненан цхьана а маьIIехь-м бацара, хила а ца хилла, я хир а бац шен чохь доцчун бала. Дийца-м дуьйцур ду, дийца а дуьйцу шайн цIарна, шайна пайденна, дуьйцур дац вайн бала а болуш-м. И иштта хилар вайна – Нохчийчоьнан бахархошна – гуш а ду. Кхузахь дац бийларш: «…Транзисторш чуьра схьахеза аьзнаш а ца хозуьйтуш, гIовгIанаш евлира – гена доццуш тIетаьIIина детташ герзаш дара…». Дерриге а дуьненна дезде – Керла шо, ткъа Нохчийчохь – «…ца баьржаш буьсур бац-техьа бохуш, сатийсина тIом чукхаьчнера…». Керла шо «…шелонца, белхаршца, неIалташца…» кхечира. Нохчийн халкъ дохийна хьийзадо, шен долчух дерригенах даьккхина, цхьа гIенаш доцчех. Уьш а (гIенаш) – тIеман суьртахь ду массеран а, самаваьлча а – изза гIан: белларш – хIокху Iазапах бевлларш – дийначарна шайл ирсе хеташ. Дийцархочун гIан: «… цхьа хIаваъ доцучохь санна, дайчу боларца схьадогIуш адамаш дара. Уьш самукъане дара, церан яххьаш тIехь а, бIаьргаш чохь а цхьа дуьненахь йоцу синпаргIато гора…». Велла волу шен да а го цунна царна юкъахь. Дийна волу хIара шайх хьагош ю беллачийн гуш йолу яххьаш. Ткъа кху чохь бисинчу нохчех мила ца хIоьттина оцу хьоле? Ишттаниг хир ву аьлла а ца хета.

Дийцаран чаккхенехь: «… Iадийча санна, цигара охьахьаьдира со, лахахьа, дахкарла… Стенга воьдура со? Суна и ца хаьара…», – дуьйцу турпалхочо.

Дахкарлахь цо бо некъ, иза вайн къомо беш болу некъ бу. Лаа ца далийна автора «дахкарлахь» боху дош. Нохчех хIора а вара хIетахь, «гIийла когаш а тIекхош, бIаьрзечу стага санна, некъа тIе гIаж а етташ, бухахь латта дуйла хаийта, Iинах ца ваха, «дахкарлахула» вогIуш», ша-шега:

«…бен а юй-техьа сан кху дуьненахь ваха меттиг, елахь а, цига кхочур ву я вац-те?», бохучу хаттаро ойла дIа а лаьцна,  дуьне мел ду даьржина, шен лаьттахь маьрша Iен паргIато йоцу нохчийн къам ду-кх  бIарзделла, тIеман а, къизаллин а «дахкарлахь» шен некъ лоьхург. И дохк яьржина, декхначу дийне вай кхочур ду, нагахь санна, дийцаран автора ма-баххара, Дала адамашна, уьш кхечу хIуманех къастош, белла кхетам, хьекъал толахь – Цо хьоьхучу новкъа вай иэхахь. И цахаар бахьанехь, сов а бу адамийн баланаш –коьрта ойла ю  «Дахкарлахь» цIе йолчу дийцаран.

«Малх чубуза герга бахча» дийцар дуьненна йовхо, серло йохьучу малхана гимн санна лара догIу. Жимчохь дуьйна чубузучу маьлхан суьрто шен исбаьхьаллица йийсаре вигначу дийцаран турпалхочун синхаамаш шо шаре мел дели хийцабалар гойту кху тIехь. И хийцамаш хуьлу цунна вайн дахаран зеделларг тIедузарца. Экзюперин Жимачу Эло хьехна и сурт шеран муьлххачу а хенахь юх-юха доьшу цо. Хаза кхуллу шегара сурт а: «Малх чубуза кечбелла бара, стигалхула некадеш мархаш яра: цхьаерш – ло санна, кIайн, яйн, кхиерш – даш санна, таьIна-сира, еза. Царах чекх ца ялалора тIехьахула богучу маьлхан серло, амма хIоранна а гуонаха цхьа инзаре-тамашийна гураш бора цо, къеггина дашочунна тIера цIеран басе кхаччалц болу, хIора а марха юкъалоцуш, цхьаъ вукхунах къастош».

Иштта бу-кх малх, шена дуьхьал мархаш хIиттича а, шен серло схьаетташ, дуьне гуттар серладаха лепаш. Жимачу Эло санна, цхьалла лоьху цу малхаца вайн турпалхочо а. Я и цхьалла а ца хилла Элана а, хIокху турпалхочунна а, малхаца ерг цхьалла а ма яц. Питанчаш, эладитхой, талорхой, нахбойъурш боцчохь, веккъа цIена малхаца ваха ма везара хIокху лаьттахь. «Суна и малх бен ца гора, беккъа и цхьа малх бен, дуьненна массо а басар – цхьа Iаьржаниг доцург – шеца долу», – боху дийцархочо.

«Ма дика ду-кха иза болуш, сийлахь Малх!

Ма дика ду-кха иза буьсур болуш!

Ма дика ду-кха…»

Вайн тIаьхьенашна и малх сирла лепа бисар ю дийцаран турпалхочун коьрта ойла. И малх санна, сирла а, беркате а, цIена а, «массо а басар – цхьа Iаьржаниг доцург – шеца долу».

Ткъе цхьалгIа бIешо хIинц-хIинца бен дIадоладелла дац. Ткъа  «Заманан чкъург керчича» боху дийцар хIокху дешнашца дIадоладо автора: «Дукха хан йоццуш, ткъе цхьалгIачу бIешарахь». ХIета, хIокху дийцаран хиламаш карарчу хенахь, цо ма-боххура: «Иза-м дезткъа шо хьалха хиллера. ХIинца-м бIешо а даьлла цул тIаьхьа»…, – оццул шераш хьалха хилларг а ду.

ХIинцалера гIишлош иштта ю: «Еттинчу кибарчиган гIап. Цунна кIелхула-тIехула хьожийла я ур-аттал мох чекхболийла а доцуш, лекха эчиган ков. Горгалин жима нуьйда…»

ХIетахьлера гIишлош: «Жима юрт. Вовшашна ген-геннахь гуш ду лоха цIенош, тхевнаш тIе эрз а биллина, тIехула поппар а хьаьхна. Цхьадолчу цIеношна гуонаха лоха зIарийн керташ ю, кхечеран уьш а яц…»

Лаа ца далийна и дустарш кху дийцарехь. Хала а, гIийла а баьхначу вайн дайша коьрта лорург Сий, Яхь, Оьздангалла, Бакъдерг хилла. Харцонан ца хилла сий, и лелош верг шен волчара сацош хилла. Къеначу Дагас шен цхьаъ бен воцу кIант, иза шен къоланашца, зуламашца нахана бале ваьлча, шен а, шен тайпанийн вежарийн а куьйга воь. Къиза кхел ю хилларг, атта гIуллакх дац и кхочушъяр. Амма цара ларйинарг шайн цIийнан, тайпанан цIе ю, нахе шайна тIе, шайн стаг бахьанехь, пIелгаш ца хьежадайта.

Ткъа тахана иштта дац. Шена тIе шайн дегабаам бохьуш баьхкинчу нахана реза вац куьг бехкечун да.

«– Тхо делла Iохкуш ду-м ца моьтту шуна?! Сан дикачу дена неIалт хуьлда-кх, машенах аш куьг Iуттур делахь!», – шен кIанта, нехан кIант лаза а веш, цуьнгара схьаяьккхина ялийна машен дIа ца йигийта дагахь ву да, шен аьллар хилахь.

Вукхара-м дIаюьгу машен. Дийцархо цецволу: инзарениг кхин дара. Баьхкинарш гучура а бовлале, тезета санна, нах схьахIитта буьйлабелира цу керта.

«– Доккха хIума хьаха ду, иштта караденаъчу рицкъанах валар… Дала ца моьттучу кепара меттахIоттадойла шуна хилла зен…»

ХIаъ, ийгIина адамаш, телхина амалш. Дуьненан хьоло паргIатбаьхначу нехан меца синош. Хьарам-хьанал адамаша цакъестор ду-кх дийцархочун къаьхьа айдар:

«– Зама, зама!… Хьан чкъург даима а хьалхахьа хьийзар-кха… ткъа адамаш, адамаш!? – хьийзара ойланехь, ткъа цунна жоп ца карадо суна…»

Минкаилов Эльбрусан дийцарийн турпалхой оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш, дуьненахь Нийсо а, Бакъ а тола сатесна, къийсамчаш бу. Мел халачу хьелашкахь а хьанал, оьзда, машаре сатесна, и иштта хилийта, барта а доцуш, шайн дахарехь гайта а гойтуш.

ТIаьххьарчу  шерашкахь  керла  говзарш  кхоьллина Минкаиловс: «Саида», «Дагахьбаллам», «Iалашо», «Шеко», «Дагалецамаша дохийна  дезде», «Беттасин лорехула»,  «Дахаре  гIертар», «ЦIе  яйначул  тIаьхьа»,  кхидолу  дийцарш а, иштта  «Ма  беха  бара и   некъ», «Дахкарлахь  байна  некъ» повесташ  а. Уьш зорба тоьхна авторан «Терк дистина  догIура» книги тIехь  (2011 шо.).

Минкаилов Эльбрусан  проза  вайна  евзина   дукха хан яц, амма  цуьнан   йозанаш  геннара   схьа   шайн  бух болуш  кхоьллина   говзарш ю.  Схьагарехь,  шена  литература  дика  евзаш  хиларна,  ша   язйинарш  гайта   сих ца луш,  шена   зеделларг  IаьIна  даллалц, шен  хатI,  керла   кепаш   лоьхуш,  шен  исбаьхьаллин   мотт  кхиъна  баьлла  дIахIотталц,  сихо  ца  йина  Минкаиловс   уьш   вайна   йовзийта. Шеко   йоццуш, шен  Iалашоне  а  кхаьчна   иза, цунна  тоьшалла  ду  вай  талламбина  а, цкъачунна  ца хьахош  йитина  а  йолу   цуьнан  говзарш.

 

БУРЧАЕВ Хьаьлим, Россин яздархойн  союзан  декъашхо

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: