Хууш ма-хиллара, карарчу шарахь республикехь дукха белхаш бина чоьхьара дозанаш цIиндаран декъехь. Цуьнца нийса а догIуш, дуккха а ярташ дехьа-сехьа «кхийсира» кIошташкахула а, гIаланийн округашкахула а.

Хийцаделира Соьлжа-ГIалин а, Устрада-ГIалин а округийн, Грозненски а, Гуьмсан а, Курчалойн а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а, Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIоштийн дозанаш.
Цул сов, къобалдира Соьлжан кIоштан цIе «Эна-Хишка» аьлла тIе хийцар а.
Грозненски кIоштан юкъара Шинасуьйра-Юкъ а, Гикало а Соьлжа-ГIалин округана а, Чечана а, БердкIел а, Примыкани а Устрада-ГIалин округана а юкъаяхана.
Йоккха АтагIа Хьалха-Мартан кIоштана юкъаяхана.
Дочу-Борзе а, Лаха-Варанда а, ЧIишка а, Яраш-Маьрда а Шуьйтан кIоштана юкъаяхана.
ГIулара ТIехьа-Мартан кIоштана юкъаяхана.
ТIехьа-Мартан кIоштан юкъара Буммат Эна-Хишка (Соьлжан) кIоштана юкъаяхана.
Гуьмсан кIоштан Иласхан-Юрт Курчалойн кIоштана юкъаяхана.
И хийцамаш юкъа а лоцуш, чоьхьара дозанаш цIин а дина, Нохчийн Республикин керла карта довзийтина Парламенто.
Оцу карти тIехь терахьашца билгалъяьхна кIошташ а, гIаланийн округаш а: 1 – Невран кIошт, 2 – Шелковски кIошт, 3 – Теркан кIошт, 4 – Грозненски кIошт, 5 – Соьлжа-ГIалин округ, 6 – Устрада-ГIалин округ, 7 – Гуьмсан кIошт, 8 – Эна-Хишкан (Соьлжан) кIошт, 9 – ТIехьа-Мартан кIошт, 10 – Хьалха-Мартан кIошт, 11 – Шелан кIошт, 12 – Курчалойн кIошт, 13 – Итон-Кхаьллан кIошт, 14 – Шуьйтан кIошт, 15 – Веданан кIошт, 16 – Нажи-Юьртан кIошт, 17 – Шаран кIошт.
И.ИСЛАМОВ
№92, гIуран (декабрь) беттан 3 де, 2019 шо