Нохчийн турпалхо Бенара Эдин БойсгIар

Вайна хууш ма-хиллара, дуьненан исторехь дукха турпалхой бу шайн нехан маршо я дин къуьйсуш гоьбевлла хилла.

Iаьрбийн а, кхидолчу къаьмнийн а дукха турпалхой хилла, цу къаьмнаша таханлерчу дийнналц уьш дага а лоцуш, царах а, церан майраллех а лаьцна дуккха жайнаш ара а хоьцуш.

Вайн нохчийн исторехь а бу иштта турпалхой: кхечарал хIумма а ледара ца хилла аьлча а, цхьаллиг а цхьана къомехь хилла боцуш турпалхой. Нохчийн уггаре а гоьваьлла турпалхо Бено Эдин БойсгIар вара.

БойсгIар 25 шарал сов Даймехкан маршо а, бусалба дин а къуьйсуш, гIазотехь лаьттина, буьрсачу тIемашкахь ша ахвохуш мел Iазап хьегнехь а. Куьг а, ког а, бIаьрг а доцуш висича а мостагIашна кара ца вахна БойсгIар.

Иза дуьненна а вовзийта, Урдунехь БойсгIарах лаьцна жайна ду яздеш ингалсан маттахь.

1794-чу шарахь Бенарчу Эдин кIантана Баршакъана вина БойсгIар. Иза винчу шарахь набахти чохь кхелхина Паччахьан Iедална дуьхьал гIаттам бина хилла волу Шайх Мансур (Шаабазов Ушурма).

БойсгIаран жималлин хан кхин башха яцара шен хенарчарал, амма 45 дуьзча, кхин Iа ца велла, гIазотан новкъахь гIулчаш тийса йолийра гIеметтахIоьттинчу къонахчо.

Паччахьан Iедална дуьхьал бина гIаттам бохийча, Ташу-Хьаьжа Бенахь лечкъина а волуш, цунна тIекхийтира жIайхошна юккъера схьаваьлла Имам Шемал.

Уьш тIелаьцна хиллачу БойсгIара дIаболийра мостагIашна дуьхьал тIом. БойсгIаран тIеман ардангана юкъахь вара Ташу-Хьаьжа а, ЦIонтро ШоIип-Молла а, кхиберш а.

Иштта, масийтта шарахь БойсгIара дина тIеман тийсадаларш дуьйцуш яздо ингалсан маттахь арахеца кечдеш долчу жайни тIехь.

Дуккха а хьостанашкара хаамаш чулоцуш хир ду БойсгIарах лаьцна жайна. Мел чIогIа халонаш хиларх а, ша ахвахарх а, БойсгIара дIа ца тесна маршонан некъ серлабоккхуш яздийр ду цу тIехь. Цуьнан юхацавалар а, мостагIашна карацавахар а, тешнабехкаца иза лацар а, тангIалкхана тIе а хIоттийна, ирхъуллуш, цо дитина масал а гойтуш.

Ала догIу, БойсгIарца тIамехь хиллачу цуьнан гергарчу нахах (деваша а, шичой а, дешичой а) тIемаш беш кхелхинарш а бу, кхечу мехкашка дIабахна, цигахь дIабоьхкинарш а бу. Масала, царах цхьаъ, тхан деден да Бакир, Урдунехь дIавоьллина ву.

Дала гечдойла БойсгIарна, Дала декъалвойла иза! И санна болчу турпалхойн сий дар вайна тIехь ду.

БАКИР I.Хьамийд
№92, гIуран (декабрь) беттан 3 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: